Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Январь
2023
1
2 3
4
5 6
7
8
9 10 11 12 13
14
15
16 17 18 19 20
21
22
23
24 25
26
27
28
29
30 31

Шайна вевзачунна мотт ца тохарна гIуда тоьхна Нохчийчуьрчу шина вахархочунна

0
Шайна вевзачунна мотт ца тохарна гIуда тоьхна Нохчийчуьрчу шина вахархочунна

Зулам дарх лаьцна хаам ца барна Нохчийчуьрчу кхело меттигерчу шина вахархочунна Тутаев Iусманна а, Амаев Мохьмадна а гIудаш йиттина – низамехь йоцуш герзаца йолчу вовшахтохаралле шаьш кхойкхуш кхаьчначу хаамах лаьцна низамхошка цара ца дийцарна.

Теркйистерчу кIоштан кхелан сацамца а догIуш, 2022-чу шеран дечкен-баттахь Амаев, Тутаев шайна вевзаш хиллачу кхаа стагаца цхьанакхетта хилла. "Низам лардаран хьукматашна дуьхьало йан Iалашонца" низамехь йоцуш герзаца йолу вовшахтохар кхолла лаам хиларх лаьцна дийцина царах цхьамма, гулбелларш цига йукъа кхайкхина хилла боху цо. Низамехь йоцу вовшахтохаралла кхолларна бохучу артиклаца бехктакхаман гIуллакх долийна цунна дуьхьал.

Талламан версица, Амаевс, Тутаевс "накъосталлин маьIна харц кхетарна", шайна вевзачунна мотт ца тоьхна низам ларадаран органашка.

Мотт ца тохарх лаьцна йолчу артиклехула 100 эзар соьме кхачалц хан тоха йиш йу, йа шаре къачалц чуволла. Шайн бехк хиларан тоьшаллаш ца лоьхуш, къаьсттинчу кепехь кхел дIайахьарца ходатайство чуйелла бехкевечу шина стага. Амаевна, Тутаевна кхело уггар кIеда таIзаран барамца сацам бина, 20 а, 25 а эзар соьманна гIудаш тухуш.

Гуьмсан гIалин кхело бехке лаьрра меттигера вахархо Тасуев Сулим, зуламах лаьцна хаам ца барна – мессенджерашкахула шен доттагIчуьнца дечу къамелехь цунна, дийцарехь, хиина иза Афганистане ваха ойла йолуш хилар, террорхойн тобанехь дакъа лаца Iалашонца. Кхело 25 эзар сом гIуда тоьхна цунна.

2017-чу шарахь Соьлжа-ГIалин вахархо бехкевина кечдечу терроризмана йукъадогIу зуламах лаьцна мотт ца тохарна. Заводскойн кIоштан кхело билгалдаьккхина, 2017-чу шарахь цунна бевзачу наха дийцина цуьнга, шаьш Шема даха новкъа довлуш хиларх лаьцна, "оцу пачхьалкхан Iедалан эскарна дуьхьала" лаьттачу НВФ-хь дакъа лаца дагахь, гIалара вахархочо цйунах лаьцна хаама полисхошка дIа ца кхачийна.

Нохчийчуьрчу Гуьмсан гIалин кхело зуламах лаьцна мотт ца тохарна бехкевина меттигера вахархо Капланов Нурсаит. Нохчийчоьнан вахархочо низам лардаран органашка ца хаийтина Шемарчу тIеман конфликтехь шена вевзаш волчу стага Оьрсийчохь магийна боцу даIишхойн агIонехь дакъа лаьцна хиларх. 20 эзар г1уда тоьхна цунна.

Охан-беттан 18-хь Дагестанера Таймазханова Амнат бехкейира, шен вевза стаг даIишхойн декъехь хиларна мотт ца тохарна. Кхелан сацамца а догIуш, шена вевза стаг тIемалойн куьйгкIелахь долчу латтанаш тIехь царна кхача кечбеш гIо латтош хиларх лаьцна цо ца дийцина низам лардаран органашка.





Губернаторы России
Москва

Сергей Собянин рассказал о цифровизации системы здравоохранения





Москва

Всероссийский интеллектуальный забег «Бегущая книга» 2024


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин. Главное за день



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Карди Би

Карди Би и Offset снова вместе спустя 5 месяцев после расставания




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

«Кубок футбольных мам» прошел на стадионе «Москвич» в Лобне

Росгвардейцы обеспечили безопасность во время футбольного матча в Москве

Полина Гагарина: «Нет, я не ухожу на пенсию»


Андрей Рублёв

Рублев о победе над Алькарасом на турнире в Мадриде: мне очень помогла подача



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о развитии «зеленой» экономики в РФ



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России