Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Январь
2023
1
2 3
4
5 6
7
8
9 10 11 12 13
14
15
16 17 18 19 20
21
22
23
24 25
26
27
28
29
30 31

Нохчийн оппозиционерийн ненан Мусаеван гIуллакхехула юха а экспертиза йайта реза хилла кхел

0

Полисхочунна тIелетта аьлла Мусаева Зармина – бакъоларйархочун Абубакаран а, оппозиционеран ИбрахIиман а ЯнгулбаевгIеран нанна дуьхьал долийна гIуллакх толлучу Соьлжа-ГIаларчу Ленинскан кIоштан кхело пурба делла кхелан-медицинан экспертиза кхин цкъа а йайта.

Адвокаташа иштта доьхура кхечу регионехь керла экспертиза йайтар, амма оцу декъана дуьхьало йира кхело, хаамбо "Iазапашна дуьхьал Командо".

Адвокаташна Немов Александрна а, Савин Александрна а тIетевжина, "Сотас" билгалдоккху, Мусаеван гIуллакхан материалашкахь лазийна бохучу полисхочун юьхьтIера кховраш даьхна фотофиксаци цахилар – динчу жамIашкахь, хьалхо нохчийн эксперто Мунгиев Арсена кечдинчу, текстехь охьайаздина ду лазийна меттиг бара аьлла. Адвоката чIагIдарехь, карарчу заманчохь полисхочун юьхьа тIехь цхьа а таммагIа дисина дац, цо юхатотту "чов" йинера боху Мунгиевн чIагIдар.

"Iазапашна дуьхьал Командин" юрист Гусев Константина шен фейсбукехь йинчу публикацихь тергойира, хиллачу кхеташонехь Мусаева ларйеш йара, иза схьайалош йеана конвой-йоI йоцург а, виъ герзашца стаг а цхьаьна вара, ткъа хIинццалц схьа шиъ бен ца хуьлура аьлла.

Хьалхо кху кIирнах Мусаеван гIуллакхехула возуш воцчу эксперто Безбородов Алексейс тIечIагIдира кхелехь, талламо йинчу экспертизан жамIех шен шеконаш хиларх. Бехкбилларехь дуьйцуш долу ницкъахочун юьхьтIера кховраш дахарх лаьцна нийса охьайаздина дац, могушаллина дайн зен дина аьлла, тIечIагIдойла йац, ткъа и сизаш стенгара девлла хууш дац - сизаш маж йошучу уьрсо дича санна ду- беа пIелгаца цхьатерра бархI арс дуьтийла йац аьлла.

Карладоккху, хьалхара экспертиза йинера нохчийн эксперто Мунгиев Арсена, иза балхара дIаваьлла стохка гIуран-баттахь – оцу дийнахь адвокаташа тIедожийра иза кхеле кхайкхар. Эххар а Мунгиев вистхилира кхелехь – адвоката Немов Александра дийцарехь, шен жамIаш тIе ца чIагIдира цо.

Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIаюьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.

Цкъа дуьххьара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелетта хилла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг баккхаза яьлла иза". ТIахьо хьарамлонаш лелорна бехк биллира цунна. Дуьххьара Нохчийчу дIайигира иза оцу гIуллакхехула, амма теше санна хеттарш дан.

Мусаевана дуьхьал гIаттийна гIуллакх талла долийра Соьлжа-ГIаларчу Ленинск-кIоштан кхелехь товбеца-баттахь.

Кавказ.Реалиис ма-дарра дийцира Мусаева Заремин гIуллакхех лаьцна а, оцу гIуллакхех дуккха а цхьаьнацадараш хиларх а.

Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгIеран доьзална телеграм-каналехь динчу йозанехь Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. ТIаьхьо юха кхерамаш карлабехира цо видео дIаязъеш. Кхерамаш тийса буьйлабелира иштта нохчийн лакхарчу даржашкара ницкъахой а. Чиллан-беттан 2-чохь Соьлжа-ГIалин юккъехь митинг дIаяьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал. Митингехь ЯнгулбаевгIеран доьзалан суьрташ дагийра, тIе мийраш биттира, этIийра, иштта дуьххьал дIа кхерамаш а тийсира.

Бакъоларяъарн "Поддержка политзеков. Мемориал" проекто политикан тутмакх лерина Мусаева Зарема.

Дечкен-беттан 20-чохь Янгулбаев Абубакара шеца хийца элира Кадыров Рамзане шен нана. Иза лачкъийна йигина шо кхочучу дийнахь видео дIайазйира Янгулбаевс, цо бехкево Кадыров "пачхьалкхан низамаш а, адаман оьздангаллин ламасташ а" дохорна. Бакъонашларйархочо билгалдоккху, лаьцна латтийначу оцу шерачохь шен ненан могушалла эшна аьлла.





Губернаторы России
Москва

Сергей Собянин. Главное за день





Москва

Уссурийский ЛРЗ подтвердил соответствие международным стандартам, применяемым на производстве железнодорожной промышленности


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин поздравил москвичей с Днем России



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Коммерсантъ

Как бы никаб // В РФ не утихают споры о возможном запрете скрывать лицо платком




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Файзуллаев рассказал, что тратит порядка $5 тысяч за месяц жизни в Москве

Путин приветствовал в России участников и гостей Спортивных игр стран БРИКС

Путин обратился с приветствием к участникам Спортивных игр стран БРИКС


Даниил Медведев

Медведев, Кафельников, Федерер, Маррей, Роддик, Агасси поздравили Синнера со статусом первой ракетки мира



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

"Значимый день для всей страны": На Красной площади отгремел концерт в честь Дня России



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России