Оьрсийчохь уггар кIезга сигаьрка узу регион хилла Нохчийчоь 2022-чу шарахь
Дайначу шеран жамIашца, Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар кIезга сигаьрка узурш хилла Къилбаседа Кавказера республикаш. Цунах лаьцна йаздо пачхьалкхан ТАСС агенталло, FinExpertiza аналитикан сервисан талламна тIе а тевжаш.
Официалаерчу статистикица а догIуш, Нохчийчохь сигаьрка узуш 3,3% бахархой бу – амма цхьана шарчохь и терахь шозза тIекхетта. КIезга сигаьрка узучу регионашкахь нисйелла ГIалгIайчоь (4%), Дагестан (6%), Къилбаседа ХIирийчоь (10,9%), Кхарачой-Чергазийчоь (12,5%), ГIебарта-Балкхаройчоь (13,4%), Краснодаран мохк а (14,8%).
Йерриг пачхьалкхехь говзанчашна билгалдаьлла, йуккъерчу барамехь сигаьрка узучийн терахь 5,8% лахделла хилар, аьлча а, 1,4 млн адам сецна узучура. ХIинца оцу кепара марзделларг лелош ву пачхьалкхехь 25 млн стаг – хIора кхоалгIа стаг а, хIора шийтталгIа зуда а.
Дайначу шеран жамIашца, ГIалгIайчохь уггар кIезга къаьркъа доьхкина. Цхьана стеган бараме даьккхича, Нохчийчохь дайначу шарахь 100 миллилитр къаьркъа доьхкина, 20 миллилитр чагIар а, 1,6 литр йий а – цул а кIезга ГIалгIайчохь доьхкина (400 миллилитр йий).