Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Июнь
2023
1
2
3
4
5 6
7
8
9
10
11
12 13 14 15 16
17
18
19 20 21 22
23
24
25
26 27 28 29 30

Дарбанан цIийне кхачийна лаьцна латтош йолу нохчийн жигархойн нана Мусаева Зарема

0
Дарбанан цIийне кхачийна лаьцна латтош йолу нохчийн жигархойн нана Мусаева Зарема

Нохчийчохь полисхочунна тIелетта аьлла, бехкейен Мусаева Зарема дарбанан цIийне кхачийна. Хьалхо кхелахочо дуьхьало йинера нохчийн жигархойн ЯнгулбаевгIеран Абубакаран а, ИбрехIиман а, Байсануран а ненан могушалла зен – цуьнан шеконаш йацара лаьцначун хьолах.

Мусаева дарбанан хIусаме йигарх хаамбира Янгулбаев Абубакара. Цо дагадаийтира, шен нана СИЗО-хь латточу цхьана шарахь эхашарахь а цуьнан могушалла эшна хиларх – шолгIачу барамехь йолу диабет йоцург а, бIаьрса гIелделла догIу цуьнан, букъца лазар а тIетаьIна. Мусаева ара ца йалало йолайала, гIудалкх чохь дIасайуьгу иза.

Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьал Командин" офисан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас карладаьккхира, хьалхо Мусаеван адвокаташа кхеле дехар дарх, рогIера могушаллин талламбан хьажор стационаре.

"Суьдхойн тIаьххьарчу кхеташонехь кхело пренешка ладогIар марсхьокху-беттан 15-чохь хир ду аьллера. Тхуна хетарехь, оццул йоккха хан йукъа йитарна, цо дехар динчу дарбанан цIийне хьажийна иза. Амма билггал иштта ду бохийла дац тхан, тIекхочийла дац цунна тхан", - аьлла Вансловас.

Хьалхо Мусаеван адвокато тIедожийра цуьнан могушалина экспертиза йар, иза дарба дан охьайилла оьшу йа ца оьшу хьажа. ХIунда аьлча, гипертонин кризаш бахьана долуш кхетамчуьра йуьйлура иза. Кхело дуьхьало йира, формалехь бахьана дара – стационарехь дарба дан оьшу аьлла, адвокаташа документаш чу ца далар.

Чиллин-баттахь Мусаева Заремас ша дийцира шен бIаьрса СИЗО-хь талхарх – 2022-чу шеран дечкен-баттера схьа дуьйна лаьцна латтош йу иза. Цул совнах, цо билгалдаьккхира, глюкоза хьала-охьа идарна а, даим а дегIера гIора дарна а "дика хьал дац" шегахь аьлла. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь тоххара цуьнан кIанта Янгулбаев Абубакара а бакъдира, СИЗО-хь латточу шен нанна кхечу наха латтош ду инсулин, цигарчу лоьраша луш дац аьлла. Цундела, масала, чохь латтош йолчу цуьнан аьтто ца хуьлу арахула йолайала. Адвокато Немов Александра а дийцира иштта, СИЗО-хь Мусаеван могушалла мел а телхина – инсулинах кхин а чIогIа йоьзна йу иза, цамгар чIагIлуш йу аьлла.

Дечкен-беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIайуьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.

Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.

Кавказ.Реалиис ма-дарра дийцира Мусаева Заремин гIуллакхех лаьцна а, оцу гIуллакхех дуккха а цхьаьна цадогIурш хиларх а.

Бакъоларйаран "Поддержка политзеков. Мемориал" проекто политикан тутмакх лерина Мусаева Зарема.





Губернаторы России
Москва

Собянин: Московский городской транспорт на 100 процентов отечественный





Москва

В Москве прошла Премия-практикум «Харизма Года»


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Мэр Москвы Собянин договорился о сотрудничестве с главой Башкирии Хабировым



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Концерт

Создание Афиши Выступления или Концерта, Мероприятия, События.




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Академия Плющенко требует почти два миллиона со сбежавшей от них юной спортсменки

Поражения Шубенкова и Савлукова, осечка Кнороз и двойной триумф Макаренко: чем запомнился «Мемориал Знаменских»

В Швейцарии завершился чемпионат Европы по спортивной и фитнес-аэробике


WTA

Соболенко, проигравшая Андреевой, потеряет 2-е место в рейтинге WTA по итогам «Ролан Гаррос», уступив его Гауфф



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Россия

Почта России выпустила марку в честь 225-летия со дня рождения А.С. Пушкина



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России