Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Июнь
2023
1
2
3
4
5 6
7
8
9
10
11
12 13 14 15 16
17
18
19 20 21 22
23
24
25
26 27 28 29 30

ТаIзарш лайначу нохчочун гIуллакх долор мeттахIоттийна Лаккхарчу кхело

0
ТаIзарш лайначу нохчочун гIуллакх долор мeттахIоттийна Лаккхарчу кхело

Европерчу адамийн бакъоларйаран кхело нохчочунна Эдигов Сулейманна таIзарш дина хилар бакъдина. Иза бехкелерина чуьвоьллина латтош ву ницкъахочун могушаллина тIекховдарна а, низамза герз дохкарна а. Лаккхарчу кхелан сацам хиллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан лаккхарчу кхело меттахIоттийра цу хьокъехь гIуллакх долор. Амма 2014-чу шарахь шаьш бина сацам хийцамза битира.

2021-чу шарахь (ЕСПЧ) Европерчу адамийн бакъоларйаран кхело Эдиговн гIуллакхехь сацамбира. Нохчийчохь цхьанна кепара кечдина кехаташ доцуш, къизачу хьелашкахь стаг дIалаьцна латторах дуьйцуш бара цуьнан чулацам. Цу бухаца чуделлачу гIуллакхна жоп луш, бехктакхаман гIуллакх долор меттахIоттор дийхира Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхелан куьйгалхочо Лебедев Вячеслава - сацам стигалкъекъа-беттан 31-хь бира, амма кхелан сайтехь хIинцца бен дIа ца хIоттийна.

Бехкелоручара дийцарехь, 2009-чу шарахь дуьйна Швецехь вехачу Эдиговс 2012-чу шеран йуьххьехь Соьлжа-гIала веана, герз детташ, ГИБДД урхаллин белхало Юсупов Мурат вийна. Ша Эдиговс дуьйцу, 2012-чу шарахь дIалаьцна ларми чохь латточу шена нохчийн полисхоша цхьанна кепара кехаташ ца кечдира, йиттира, тоькаца таIзарш дира бохуш. Цуьнан пIаьлгашна серий хьерчош хиллера, серийн йуьхьигаш тоьках дIа а тосуш - ток йеттар бахьана долуш цуьнан куьйгаш тIехь таммагIнаш дисна, церан ларраш кхелехь дIагайтира Эдиговс.

2014-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Нохчийчуьра Лаккхарчу кхело чохь такха 14 шо ахшо хан туьйхира цунна. И сацам хилале масех бутт хьалха, 2013-чу шеран лахьан-беттан 1-чу дийнахь цу гIуллакхе хьожучу кхелахочо Абубакаров ВахIида гIуллакх охьадиллира. Цо бахарехь, цунна тIеIаткъам бинера - Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера телефон тоьхна. Нагахь цо иза бакъвеш сацам бахь, цунна мегарг цахиларх дIахьедеш.

2013-чу шеран лахьан-баттахь Сулейманан нанас Умарова Зинас "Команда против пыток" цхьаьнакхетаралле кехат йаздира. Оьрсийчоьнан талламан комитето йалххуза йухадерзийра таIзарш дарна бехктакхаман гIуллакх долор дина дехарш. Юристаша цу хьокъехь (ЕСПЧ) Европерчу адамийн бакъоларйархойн кхеле арздина.

2022-чу шеран гезгмашин-баттахь "Команда против пыток" цхьаьнакхетаралло "Арифметика пыток" цIе йолу тептар зорбанедаьккхира. Цуьнан чулацам бара Къилбаседа Кавказерчу полисхоша нахана йечу гIелонех лаьцна. Бакъоларйархоша бахарехь, 87% гIуллакхашлахь Талламан комитето бахктакхаман гIуллакх долор къобал ца дина.

Карарчу хенахь Эдигов Иркутскерчу набахтехь шена тоьхна хан йоккхуш ву. 2018-чу шеран чакхенгахь ИК белхалоша йиттина цунна. Набахтхоша даредира шаьш леррина гIирсаш лелорна, амма шаьш иза ца дича ца довлура элира цара. Цу гIуллакхехь ша Эдиговс шен дешнаш йухаийцира. Цунах дерг "Кавказ Реалии" редакцига дийцира "Комитет против пыток" цхьаьнакхетараллин Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс.

Оьрсийчуьра чоьхаьрчу гIуллакхийн министраллин хаамашца, 2019-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь дайна лоруш ду 4 984 адам. Нохчийчоьнал йоккхачу Москвахь, Москван -махкахьчул дукха ларалуш ду и терахь. Мехкашкахь байнаш карочу зерашца а лидер йу Нохчийчоь. ХIора шарахь довчу 1 700 адамах карош ду 20-30.

Къайлах набахтеш республикехь йац бохуш, шена дохку бехкаш тIе ца дуьту Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Доккхачу декъанна, цо дIахьедира, шен шахьаран дозанна тIехь низамза лецнарш чохь латтон лармаш йац аьлла. Амма "Новая газета" гIирсо а, "Комитет за гражданские права" бакъоларйархойн цхьаьнакхетаралло а массийттуза дийцина ду Нохчийчуьра къайлахчу набахтешкахь ницкъахоша сецочу бахархойх лаьцна. Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима а дийцира, ша чохь валлийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира иштта шена гIело йарехь ша Кадыровс дакъалацарх а.





Губернаторы России
Москва

Собянин: Завод по производству препаратов из плазмы крови человека появится в РФ





Москва

Интерактив в помощь. «Учитель года Москвы» Морозова — об инновациях


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Москва — мировой лидер по динамике развития транспортной инфраструктуры



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Баста

На организацию зоны активности для гостей на концерте артиста Басты выделят 1,7 млн рублей




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Псковичка стала призером соревнований по прыжкам в высоту в Москве

Мастер-классы по созданию крафтовых украшений проходят в центре Москвы

«Столото» подписал соглашение в развитие стратегической поддержки комплекса ГТО и многоборья ГТО


Ролан Гаррос

Андреева рассказала о своих планах на предстоящий матч с Соболенко во Франции



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


News Every Day

A Deep Dive into Realistic Doll Manufacturers



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России