Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Июнь
2023
1
2
3
4
5 6
7
8
9
10
11
12 13 14 15 16
17
18
19 20 21 22
23
24
25
26 27 28 29 30

ГIелонах йедда, Нохчийчу дIайеллачу йоьIан кхолламах хууш доцу ши кIира а ду

0

Доьзалехь ницкъ бора шена тIехь аьлла, цIера йеддачул тIаьхьа Москвахь лаьцна, нохчийн полисхошка дIайеллачу Нохчийчуьра 20 шо долчу йахархочун Исмаилова Селимин кхолламах цхьа а кост доцу ши кIира а ду – мангал-беттан 13-чуьра дуьйна.

Оцу хеначохь адвокатийн аьтто ца хилира цуьнца зIе таса а, цо къола дина хиллера аьлла, цунна дуьхьал даьккхинчу гIуллакхан материалаш йовза а. Гергарчара бехкейина Исмаилова курхаллина – оцу бахьанаца лаца а лецира иза, хаамбо "СК SOS" кризисан тобано. Бакъоларйархошна хетарехь, Нохчийчуьра полисхоша цуьнан гергарчу нахе дIайелла хила а тарло иза.

Доьзалехь гIело хьоьгучарна гIо латточу бакъоларйархочо Попова Аленас петици хIоттийна Исмаилова Селима йолу меттиг катоххий схьабийца, цо къола дина аьлла, гIаттийна гIуллакх таллийта Москвага дIало аьлла, тIедожош. Иштта петици тIехь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Колокольцев Владимирна тIедиллина, и гIуллакх хьайн куьгакIел эца аьлла. Пхеа дийнахь петицина куйгаш йаздина 24 эзар стага.

Исмаилова шен 12 шо долчу хенахь деца-ненаца, вежаршца, йижаршца Германи дIайахара. Цигахь ненаца девнаш хилар бахьана долуш, цунна таIзарш деш хилла. 2021-чу шеран аьхка иза ТIехьа-МартантIерчу шен ден нене дIайелла. Германера цIавеъначу дас цунна йиттина. Йуьйр йу ша аьлла, кхерам тесна. Бакъоларйархоша республикера арайала гIо дина Исмаилова Селимина, масех баттахь, кехаташ кечдаллалц, иза Москвахь къайлайаьккхина латтийна цара.

Йаржийна зорбанашкахь Селимин дас, "заьIапхойн гIудалкх чу хаор ю", йа йуьйр йу хьо, Iедалехь шена бевзаш нах бу, хьо йийнийла цхьанна а хуур дац бохуш, шен йоIана кхерамаш туьйсуш, цуьнга кхехьийтина хилла аудиош. "Аса йоллу меженаш кегйийр йу хьан, хьуна хаа хаьа, аса иза дийр дуйла…Ахьа аьлларг дийр делахь, дацахь, хьайна гIаж йетта йолийча, ладогIа Iемар йу хьо", - боху дас цхьахболчу хаамехь.

Москварчу "Внуково" аэропортехь Оьрсийчуьра дIайаха арайаьлла Исмаилова дIалецира мангал-беттан 12-хь. Исмаилова лацаран бахьана цуьнан гергарчара полицехь цо къола дина аьлла дина дIахьедар ду. Къилбаседа Кавказера доьзалерчу Iазапах уьдучу мехкаршна церан цIерачара изза бахьана хIоттадо.

Мангал-беттан 13-хь Iуьйранна Исмаилова Нохчийчуьра схьабаьхкинчу полисхошка дIайелира. Бакъоларйархойн хаамашца, оцу дийнахь Москвара Соьла-ГIала доьдучу кемана хаа йина регистраци йара цуьнан, цу тIехь дIа а йигина иза. Нохчийчуьра ТIехьа-Мартанара полицин декъе йига йезаш йара иза, амма цигарчу белхахоша бахарехь, йоI цига йалийна йац. Полисхойна декъа хьалха буьйса йуккъе йаллалц лаьттинера адвокат, иза ларйеш, амма йоI хаайелла йац цунна.

Исмаилова Селимица Iоттаделларг - дуьххьара дац, шеконе бехктакхаман гIуллакх дуьхьал а дохуш, махкара веддарг кадыровхошка дIалуш. Эксперташна хетарехь, оцу кепарчу механизмех ницкъахоша кест-кеста пайдаоьцу.

Доьзалехь ницкъабр – Къилбаседа Кавказехь сих-сиха хуьлуш хIума ду. Меттигерчу бахархошна тIехь гIело латтайо хIусамдайша а, доьзалера кхинболчара а. Даим а санна, полицино тергамза дуьту оцу кепара хIума, нагахь бехктакхаман гIуллакх дуьхьал даккхахь а, лаххара хенаш туху.





Губернаторы России
Москва

Собянин: Около обновленных поликлиник создано более 600 зон отдыха





Москва

Более 30 компаний из Нижегородской области пришли на первую встречу регионального сообщества инклюзивного бизнеса «Открыто для всех»


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин рассказал о новых трамвайных линиях в Москве



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Джиган

Модель Самойлова призналась, что Джиган не хотел ехать на реалити-шоу




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

«Зенит» добыл волевую победу в матче с «Балтикой» и завоевал Кубок России

ФК «Зенит» представил стартовый состав на суперфинал Кубка России в Москве

Первое историческое ралли в Москве 2 июня 2024


Большой шлем

17-летний россиянин Даниил Саркисян разгромил Форбса из США на юниорском «Ролан Гаррос»



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


News Every Day

Brentford B and Tiverton Town Friendlies Announced



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России