Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Июнь
2023
1
2
3
4
5 6
7
8
9
10
11
12 13 14 15 16
17
18
19 20 21 22
23
24
25
26 27 28 29 30

Пригожин бехказа ваьккхинчул тIаьхьа "гIалгIайн гIуллакхехула" таIзар динарш маьрша бахар дехна тайпанийн Кхеташоно

0
Пригожин бехказа ваьккхинчул тIаьхьа

ГIалгIайчуьра тайпанийн Кхеташонан векалша видеокхайкхам бина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире Нохчийчоьнца латтанех бинчу бертана дуьхьал хиллачу протестийн ворхI лидер маьршаваккха аьлла. И кхайкхам бина цара ЧВК "Вагнеран" долахо Пригожин Евгений герзашца бунт гIатторна а, ши гIала схьайаккхарна а, масех пилот верна а таIзаре ца хIоттош витича.

Президенте дехар дина ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн хиллачу министран Погоров Ахьмадан вашас Погоров Мохьмад. Ца карладаьккхира, мангал-беттан 24-чохь гIаттам боьдучу йукъанна пачхьалкхехь "кегари" дара аьлла.

"Йолахоша хIуъа динехь а, царна тIера а бехкаш дIадехира цхьана сахьтехь. Тхан махкахой набахтехь бу шайггара дуьхьал даьккхинчу гIуллакхна тIехула, церан бехк бара, шайн бакъонаш меттахIоттайахьара аьлла, хьоьга дехар дарна, Владимир Владимирович. Ахьа бохура, оцу нахана йукъахь шишанаш кхуьйсуш вара цхьаъ - хIаъ, цхьа жимстаг хиллера и динарг. Амма вагнерхоша, нах бойуш, вертолеташна диттинарг Iад ма дацара", - аьлла Погоровс.

Цо дехар дина Путине "гIалгIайн гIуллакхан" фигуранташ маьршабаха катоххий аьлла, "букъа йуккъе урс тоьхна" аьлла президента хьалхо бехкбаьккхинчу йолахошна тIера бехкаш а тIера ма-даххара.

"ГIалгIайн гIуллакхехула" бехкебинчара дуьхьало йира Нохчийчоьнан дозанаш хуьйцуш бинчу бертана. 2019-чу шеран зазадокху-беттан 27-чохь Магасехь дирзира ОМОН-ца а, Росгвардица а духь-духьал гIортар. Протестан лидершна бехкаш дехкира Iедалан векалшна дуьхьал ницкъ баккхарна а, нах дуьхьал бахарна а.

2021-чу шеран дечкен-баттахь Ессентукера кхело ГIалгIайчохь хиллачу митингийн ворхI хьалханчана тIехь дитира бехкаш, ницкъахошна дуьхьал ницкъ баккхарна а, экстремистийн йукъаралла влвшахтохарна а, иштта цу йукъахь латтарна а. ВорхI шарна тIера исс шаре гергга йукъарчу хьелашкара набахтехь такха хенаш йиттина царна. Карарчу хенахь Ставрополан кIоштан кхелехь оцу таIзарна дуьхьал чуйелла апелляци йу луьстуш. Оцу гIуллакхехула бехке мел бинарш политикан тутмакхаш лерина бакъоларйаран "Мемориал" центро.

"Тайпанийн кхеташонна" организаци йолуш санна регистраци йина 2016-чу шарахь. 2017-чу шеран гIадужу -баттахь юстицин министралло иск чуйелира "Тайпанийн Кхеташо" дIайохош, церан уставехь дитинчу кхачамбацаршна тIехула аьлла, формалехь бахьана а дина. ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело дуьхьало йира организаци дIайаккха. 2020-чу шеран бIаьста ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело йуха листича иск къобалйира, ткъа КхолгIачу апелляцин кхело а, Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело а и сацам хийцанза битира. 2021-чу шарахь тайпанийн Кхеташоно латкъам бира йукъаралла дIасайохош бинчу оцу сацамна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле.

ГIалгIайчохь хиллачу протесташна тIехула набахтехь даккха ворхI шой, ахшой тоьхначу Саутиева Зарифин могушалла цIеххьана ийшира, амма цунна оьшу лоьрийн дарба дан а, могушалла талла а дуьхьало йо.

ПIераска-дийнахь, мангал-беттан 23-чохь, Пригожин Евгенийс бехкейира Оьрсийчоьнан тIеман министралла вагнеровхойн тылерчу позицешна тIе ракеташца тохарш дарна, Москва чу гIур ву ша элира цо "нийсонан маршаца". Оцу заманчохь йолахоша шайн куьйгакIел эцнера Воронеж а, Ростов-гIала а. Оцу гIаличохь мел лахара а дохийра цара 10 квадратан метар гергга Ростовра циркан кевнаш а, гатанаш а, цу йуккъехь йисинера танк. Цул совнах, даьндаргашца йохийнера "Ростелекоман" гIишло.

Мангал-беттан 24-чу суьйранна къаьстира Пригожинна а, Лукашенкона а йукъахь дийцарш хиларх. Цул тIаьхьа Москва йаха новкъайаьлла "Вагнеран" ковра сацийра. Кремлан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедира, герзашца бунт гIаттийначарна дуьхьал гIуллакх долор дац аьлла.





Губернаторы России
Москва

Собянин: Около обновленных поликлиник создано более 600 зон отдыха





Москва

Тысячи активистов разгромили офис Socar в Стамбуле, обвинив «Азербайджан» в поддержке геноцидальной политики Израиля в Палестине


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: В Москве создана самая маленькая схема метро в мире



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Елена Волкова

Книжные новинки, лаборатория текста и иллюстраций — ждут гостей Московского детского фестиваля искусств «НЕБО»




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Первое историческое ралли в Москве 2 июня 2024

«Зенит» добыл волевую победу в матче с «Балтикой» и завоевал Кубок России

Неделя легкой атлетики пройдет в Москве


Анастасия Потапова

Организм был не в состоянии: Потапова прокомментировала поражение на «Ролан Гаррос»



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Свыше 5,2 миллиона жителей Московского региона получают набор социальных услуг в натуральном виде



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России