Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Июль
2023
1
2
3 4 5 6 7
8
9
10 11 12
13
14
15
16
17
18
19 20 21
22
23
24 25 26 27
28
29
30
31

Нохчийчуьра пачхьалкхан каналехь гайтина доьзалехь ницкъбарх йада гIоьртина йоI

0

Доьзалехь латточоу гIелонах йада гIоьртина 20 шо долу Исмаилова Селима мангал-беттан 13-чохь нохчийн ницкъахоша лачкъийна йигинчул тIаьхьа дуьххьара гучуйаьккхина. Камерана хьалха цо дIахьедина, ша дика йу, шена тIаьхьара а довла аьлла – иштта сюжет гайтина махкара каналан эфирехь. Бакъоларйархошна хетарехь, Исмаилова Селиме бертаза дайтина и.

ЙоIаца цхьаьнакхетта махкара адамийн бакъонаш Iалашйан векал вина Солтаев Мансур. Исмаиловаца, "цуьнан ойланаш йарна тIехь а" психологаша болх бина, ткъа цунна йодуш гIо дина бакъоларйархой "Малхбузен агенташ" бу, Кавказана дискредитаци йан гIоьртина уьш аьлла цо.

"ЧIогIа дика хьолехь йу иза, цунна цхьана а хIумана кхерам бац, паргIат чу-ара йолу, телефон йу лелош, шен гергарчу нахаца уьйрашкахь йу. ХIинца [Селима] дененаца а, йишица а, деца а йу – цунна чIогIа дукхайеза иза, цунна а дукха веза шен да а, вежарий а, йижарий а", - дIахьедо Солтаевс.

Оцу кепара масалш масийттазза гина ду – Нохчийчу йухайалийна Дудуркаева Луиза, Тарамова Хьалимат, ГIалгIайчуьра Гиреева Лайлаъ, иштта кхин долу зудабераш а, дагадаийтира "Кавказ.Реалиин" сайтана йеллачу комментарихь бакъоларйаран "Марем" проект кхоьллинчу Анохина Светланас.

"Нагахь стаг закъалтехь латтош велахь, иза къежар ву, ша дика Iаш ву а бохур ду цо. Кхечу тайпана маца хиллара? Дика ду, делахь вай кхетаде цара, стенга дахана цо къола дина аьлла, дуьхьал айдина гIуллакх? Нагахь санна, и бехкбиллар харц делахь, цхьанна а таIзар хIунда ца дина", - билгалдоккху бакъоларйархочо.

ЛГБТ+ тобанан векалшна а, доьзалехь ницкъбечарна а Къилбаседа Кавказехь гIо латточу кризисан "СК SOS" группа тIетайра, нуьцкъаша Нохчийчу йухабигинчул тIаьхьа мехкан Iедалхоша оцу кепара видеош меттигерчу каналана лерина дIайазйеш хилар. Иза даьржина хIума ду боху цара.

"Кхузахь тхуна гуш дерг – Селима дийна йу. Кхин долу дерриг - ирсе йу шен доьзалехь, Iадйита боху дехарш – стандарте хIуманаш ду, шайна ницкъ бинчу меттиге лачкъийна, бертаза шаьш дIадигинчул тIаьхьа массо а интервьюхь иштта олу цара", - элира тобанан векало Мирлшникова Александрас.

Исраиловаца болх беш хиллачу бакъоларйархоша тIетуьйхира, нохчийн ницкъахоша бертаза иза цIа йигинчул тIаьхьа цуьнца шайн къамел хилла дац аьлла.

Дас йетташ лелорна Оьрсийчуьра йада гIоьртира Исмаилова. Шен 12 шо долчу хенахь деца-ненаца, вежаршца, йижаршца Германихь йехаш йара иза. Цигахь ненаца девнаш хилар бахьана долуш, цунна таIзарш деш хилла. 2021-чу шеран аьхка иза ТIехьа-МартантIерчу шен ден нене дIайелла. Германера цIавеъначу дас цунна йиттина. Йуьйр йу ша аьлла, кхерам тесна. Бакъоларйархоша республикера арайала гIо дина Исмаилова Селимина, масех баттахь, кехаташ кечдаллалц, иза Москвахь къайлайаьккхина латтийна цара.

Москварчу "Внуково" аэропортехь Оьрсийчуьра дIайаха арайаьлла Исмаилова дIалецира мангал-беттан 12-хь. Исмаилова лацаран бахьана цуьнан гергарчара полицехь цо къола дина аьлла дина дIахьедар ду. Къилбаседа Кавказера доьзалерчу Iазапах уьдучу мехкаршна церан цIерачара изза бахьана хIоттадо.Мангал-беттан 13-чохь Iуьйранна Нохчийчуьра баьхкинчу полисхошка дIайелира Исмаилова. ХIетахь дуьйна цуьнан кхолламах хилларг хууш дацара.

Арсамиков Идрис чиллин-баттахь Домодедово аэропортехь дIа а лаьцна, нохчийн полицига дIавелла ву. Цунна тIехь гIело латтийначу республике йуха вигира иза. ТIаьхьо ши видео зорбане йаьккхира Арсамиковс, цу тIехь цо бохура, Iаткъам бина ваьллера ша бакъоларйархошка, хIинца церан гIо оьшуш вац ша аьлла. СК SOS тобана хетарехь, цуьнан сийдойуш ницкъбина хир бу цунна тIехь. Стенгахь ву Арсамиков – хууш дац.

Исмаилова Селимица хилларг – дуьххьара дац махкара бевдда бахархой шеконе бехктакхаман гIуллакхийн буха тIехь кадыровхошка дIалуш. Эксперташна хетарехь, кест-кеста пайдаоьцу ницкъахоша оцу механизмах.

Къилбаседа Кавказехь кест-кеста хуьлучух ду доьзалехь ницкъбар. Меттигерчу бахархошна тIехь гIело хьоьгу церан хIусамдайша а, доьзалера кхинболчара а. Даим а санна, полицино тергамза дуьту оцу тайпа гIуллакхаш, ткъа бехкзуламан гIуллакх дуьхьал айдина меттиг нислахь, мел а кIезиг хенаш йетта.





Губернаторы России
Москва

Мэр Москвы и глава Башкортостана подписали соглашение в рамках ПМЭФ





Москва

Яндекс, А.С. Пушкин, Святой Ленин ведут следствие. Настоящая сенсация! 225 лет А.С. Пушкину.


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Завод по производству препаратов из плазмы крови человека появится в РФ



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Игорь Крутой

Студенты Академии Игоря Крутого раскрыли свои таланты




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Поражения Шубенкова и Савлукова, осечка Кнороз и двойной триумф Макаренко: чем запомнился «Мемориал Знаменских»

Академия Плющенко требует почти два миллиона со сбежавшей от них юной спортсменки

В Швейцарии завершился чемпионат Европы по спортивной и фитнес-аэробике


Ролан Гаррос

Семнадцатилетняя Андреева впервые сыграет в полуфинале турнира Большого шлема



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

В Швейцарии завершился чемпионат Европы по спортивной и фитнес-аэробике



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России