Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Июль
2023
1
2
3 4 5 6 7
8
9
10 11 12
13
14
15
16
17
18
19 20 21
22
23
24 25 26 27
28
29
30
31

Нохчийн жигархойн нанна Мусаева Заремина набахтехь даккха 5,5 шо тоьхна

0

Нохчийчуьра кхело йукъарчу хьелашкара колонихь такха пхи шой, ахшой кхайкхийна Мусаева Заремина, курхалла лелорна а, полисхочунна тIелатарна а. Оццул хан йехнера хьалхо прокуроро а цунна. 2022-чу шеран дечкен-баттахь суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамнана, нохчийн жигархойн ЯнгулбаевгIеран Абубакаран а, ИбрахIиман а, Байсангуран а нана, 52 шо долу Мусаева Зарема лачкъийра кадыровхоша Лаха Новгородера церан хIусамера. Нуьцкъаша Соьлжа-ГIала дIайигинера иза.

Официалан версица, Нохчийчу кхачийначул тIаьхьа полисхочунна Абдулхамидов Мохьмадна тIелеттера иза, цуьнан йуьхьа тIе мIараш йухкуш. Цунах лаьцна шен дарашкахь дийцина "зен хиллачо" а, "тешаша" а. Курхаллех гIаттийначу гIуллакхан бухехь мукIарло ду оццу артиклехь бехкейинчу меттигерчу йахархочун. Мусаеван кIанта Янгулбаев Абубакара дIахьедина, таIзаре хIоттийнарг реза хиллера "полицица бертайаха"- цуьнан нана Соьлжа-ГIала йалийначул тIаьхьа, зудчо дIахьединера, кхелахо хиллачун хIусамнанас хьехнера шена кредиташца нах Iехон кеп-кепара схемаш аьлла.

Мусаева Заремин адвокаташа а, "Iазапашна дуьхьало латточу Командин" бакъоларйархоша а масийттазза дIахаийтира цуьнан дов хоттучу заманчохь дуккха а харцонаш лелийна хиларх. Доккхачу декъанна, адвокаташа биглалйохура шеконе экспертизаш, гIуллакхехь тоьшаллаш цахилар, вовшийн дуьхь-дуьхьал хIитточу хенахь дитина кхачамбацарш.

Адвокаташа экспертиза йайтира, цо а тIечIагIдира, полисхочун могушаллина дина цхьана а кепара зен цахилар.

2022-чу шеран дечкен-баттера схьа дуьйна Мусаева Зарема Соьлжа-ГIалара СИЗО-хь латтош йара, цуьнан диабет йоллушехь. Дукха хьолахь, адвокаташна ца могуьйтура цунна тIекхача, ткъа цуьнан могушалла талха йолайелча, иза а тергамза дитира кхело. Янгулбаев Абубакаран дешнашша, лазарш эха дуьйладеллера цунна, цхьайолчу кхеташонашкахь кхетамчохь а ца хуьлура иза, тIаьххьарчу заманчохь Мусаева когаш лозуш хиларна чу-ара а ца йолура. Мангал-баттахь лаьцна латториг лоьрашна гайтира, амма йуха а СИЗО дIайигира.

Мусаева дIайигначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь ЯнгулбаевгIеран доьзална бекхам бийр бу ша бохуш, кхерамаш тийсира Кадыровс. И шен кхерамаш карлабехира цо шен видеокъамелехь. Цуьнан кхерамаш тийсарна тIетевжира нохчийн баккхий хьаькамаш, ницкъахой а. Чиллин-беттан 2-хь Соьлжа-гIалин коьртачу майданахь цара дIабаьхьира ЯнгулбаевгIар сихсазбарна лерина гулам - цигахь церан доьзалан сарташ дагийра, этIийра, суьрташна тIе когаш биттира.

Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело йуьхьанца. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.

"Политикан тутмакхашна тIехIоттар. Мемориал" бакъонашларйархойн проекто Мусаева Зарема политикан тутмакх лоруш сацам бина.

Товбеца-беттан 4-чохь Iуьйранна Нохчийчохь муьлш бу цахуучу наха тIелетта, къиза йиттина "Новая газетан" журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а. Мийрашца а цхьаьна йиттина царна, йохийна церан йоллу техника, коьрта тIе гер лаьцна. Милашина Еленин хьен туьта лазийна, пIелгаш кегдина. Цунан корта а баьшна, "зеленка" тIейоьттинера. Йиттина Немовна а, цуьнан лазийна ког бу – хетарехь, уьрсан чов йу боху. Кхелан кхеташонехь дакъалаца аьтто ца хилира цу шиннан, лазийнарш Бесланера дарбанан-цIийне дIабигина.





Губернаторы России
Москва

Мэр Москвы и глава Башкортостана подписали соглашение в рамках ПМЭФ





Москва

Интерактив в помощь. «Учитель года Москвы» Морозова — об инновациях


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Мэр Москвы и глава Башкортостана подписали соглашение в рамках ПМЭФ



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Филипп Киркоров

«У него и так всё получится». Филипп Киркоров отказался поддерживать Даву в финале шоу «Сокровища императора»     




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Псковичка стала призером соревнований по прыжкам в высоту в Москве

«Столото» подписал соглашение в развитие стратегической поддержки комплекса ГТО и многоборья ГТО

В ТРЦ «Звезда» проходит финальная игра 1/4 Центральной лиги КВН «Самара»


Андрей Ольховский

Экс-теннисист Ольховский: российские теннисисты выступили ниже ожиданий



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Новости 24 часа

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: С начала года более 4,7 тысячи жителей Московского региона оформили страховую пенсию в автоматическом режиме на портале госуслуг



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России