Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Август
2023
1
2 3 4
5
6
7 8 9 10
11
12
13
14
15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28 29 30 31

Казахстанехь бевзаш боцчу наха бохийна Кадыров Ахьмадна лерина хIоллам

0
Казахстанехь бевзаш боцчу наха бохийна Кадыров Ахьмадна лерина хIоллам

Нохчийчоьнан таханалерчу куьйгалхочун дена, республикан хилла Оьрсийчоьнгхьа волу хьалхарчу президентана Кадыров Ахьмадна лерина болу иэсан хIоллам бохийна Казахстанерчу Малая Сарань эвлахь бевзаш боцчу наха. Оцу эвларчу кхин а цхьана хIолламна тIехь шинна а агIора "йамартхо" дешнаш йаздина баллонехь долчу басарца.

1ADAT оппозицин телеграм-канало оцу тIелатарийн ши видео арахийцира. Буьйсанна йаьхначу видеошкахь гуш ду, авторша телефонан согар латабой, йуххера гойту и хIоллам, тIаккха цхьаверг йоккха жIов йетта йолалйо цунна тIе. Кадыров Ахьмад жималлехь Iийна хIусам лаьттинчохь бу и хIоллам. Видео йаьккхинчу нехан йаьххьаш йац гуш, йа церан аьзнаш ца хеза.

Сарань гIалин ОВД-н белхахочо Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь бакъду элира эвлахь хилларг, цхьа хIоллам бохийна, вукхунна тIе дешнаш йаздина, бохура цо – масхьокху-беттан 5-чу буса хилла ду и ший а.

Кадыров Ахьмад вина меттиг йу Малая Сарань. ТIаьхьо тIе басар диттина болу, "Къам дезар, Делах кхерар" боху дешнашца кечбина хIоллам хIоттийнера 2012 шеран марсхьокху-баттахь. Цуьнан автора Такиров Жаика бахарехь, оцу дешнийн маьIнаца вехаш хиллера кхелхина волу хьаькам.

Марсхьокху-беттан 6 дийнахь Москварчу хенаца 12 сахьт даьлча казахийн оьрсийн маттахь йолчу зорбанашкахь хIумма а дац оцу хиламехь дуьйцуш.

Кадыров Ахьмад 1951-чу шеран марсхьокху-беттан 23-хь вина ву Казахстанерчу Караганда гIалахь, цига цуьнан доьзал дIабохийнера 1944-чу шарахь. 1957-чу шарахь бен юха ца бирзира КадыровгIеран доьзал Нохчийчу. 1995-чу шарахь Ичкерин муфтий хIоттийра иза, хIеттахь гIазот кхайкхийра цо Оьрсийчоьнна. Амма тIаьхьо федералхошца велира иза, 2000 шеран мангал-беттахь дуьйна Нохчийчуьрчу цхьана ханна кхоьллинчу администрацина куьйгалла дора цо. Иза дехьавалар оппозицихошна йамартло хета цо дуьхьалонанидейна йина.

Вийначу Нохчийчоьнан президентан Кадыров Ахьмадан васт десторах лаьцна – республикехь цуьнан ц1е лелош 300 урам бу, Соьлжа-ГIалара коьрта майда а, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназеш, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан дог" маьждиг, "Новая газето" Чиллан-баттахь хаамбарца, шен ларми чохь дуккха а нах байина Росгвардин полк а. Цул совнах, махкахь футболан а, латархойн а клубаш ю, иштта, 2020-чу шеран ГIуран-баттахь дуьйна Америкерчу финансийн санкцйин тептаре язйина Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а ю. 

Нохчийчохь 346 урам бу КадыровгIеран доьзалан декъашхойн сий деш цIерш техкина, тIаккха церан цIерш хийца атта хилийта Iедало ур-атталла меттигера низамаш а хийцина, йаздо "Би-би-си-н оьрсийн сервисо". Масала, воккхачу Кадыровн цIе лелош йу Соьлжа-ГIалара футболан клуб, стадион а, гIоьналлин фонд, гIалара бIов, меттигера аэропорт а.

Хьалхо Балканашкахь Кадыровн алерина барамаш д1ахьора. Дуьйцура, Сербехь Кадыров Ахьмадан цIе тиллина урамна, цуьнан цIе лелор ю цигахь йилла леринчу хьафизийн хьуьжаро, бохуш. Кадыровн-воккхахчун цIе туьллур ю аьлла парканна Къилбаседа Македонехь. Боснехь а хир ю Кадыровн Ахьмадан парк, цул совнах, тIай хир ду Кадыров Рамзанан цIе лелош. Хьехавора Нохчийчоьнан таханлера куьйгалхо Сербин Республикан а, Боснин а, Герцоговинан а фестивалехь.





Губернаторы России
Москва

Мэр Москвы и глава Башкортостана подписали соглашение в рамках ПМЭФ





Москва

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Московский городской транспорт на 100 процентов отечественный



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Андрей Макаревич

Сорвавший концерт Макаревича активист служит с позывным «Макаревич»




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Футбольная сборная России забила Белоруссии 4 безответных мяча

«Столото» подписал соглашение в развитие стратегической поддержки комплекса ГТО и многоборья ГТО

Псковичка стала призером соревнований по прыжкам в высоту в Москве


WTA

Ига Свёнтек одержала 40 побед над теннисистками из топ-10 рейтинга WTA



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

В отеле The Carlton Moscow прошел Ежегодный Благотворительный вечер Dance Club Awards



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России