Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Август
2023
1
2 3 4
5
6
7 8 9 10
11
12
13
14
15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28 29 30 31

Меттигера вахархо вийна аьлла нохчо лаьцна Францихь

0
Францхойн Тарб гIалахь лаьцна 23 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла жимстаг, иза бехкево Патрис цIе йолу меттигера вахархо вийна аьлла. Цуьнан цIийнан неIарна хьалха хьатI деттачу кхаа стагера бехкбаьккхича тIелетар динера цунна, хаамбо Францин прокуратурина тIетевжина DNA гIирсо.


Лаьцначун цIе йоккхуш йац, хIунда аьлча, ницкъахоша толлуш ду оцу гIуллакхца цуьнан воьзна хилар. Къаьстина, иза Тарбехь вехаш хилар, лаьцна марсхьокху-беттан 23-чохь Iуьйранна.


Вийна стаг товбеца-беттан 26-чохь, Байонн даздечу дийнахь – баскан культурина лерина пхеа денна хIоттийна фестиваль йу иза. ТIелеттачу кхааммо йиттинера 46 шо долчу стагана церан йуьхь йаьккхинчул тIаьхьа. Тешаша дIахьедо, тIехьаьжина 20 шарера 25 шаре бевлла кегийн нах бара уьш, даккхийчу догIмашца бохуш.


Хьен-туьта лазийнера Патрисан, дарбанан цIийнехь кхелхира иза исс дийнахь кхетамчуьра ваьлла Iийначул тIаьхьа. Байоннан ассоциацийн Вовшахтохаралло йемалдира и зулам.


"Сакъоьрийлашка марзбеллачаьрга гIали чохь оьзда лела веза аьлла, урамашна хазалла а, цIеналла а оьшу, цунах самукъа а долу аьлла, царна дагадаийтарна вийна иза. Шен гIуллакх дан урамашкахь леррина хIиттийна писсуараш йу аьлла, цаьрга аларна цунна тIелетта", - аьлла ду биллинчу кхайкхамехь.


Муьлххачу а кепехь гIаличохь гIелойарна дуьхьал митинг хIоттайе аьлла, кхайкхамбина жигархоша – фестиваль йирзинчул тIаьхьа меттигерчу полицига диъ дIахьедар дина хилла, хьийзийна аьлла.



Мангал-бутт бовш ши нохчо лецира герзаш диттина аьлла, шеконаш хилла. Францин къилбера  Перпиньянехь стохка марсхьокху-баттахь дина хIума дара и. ХIетахь вийнера 17 шо долу кхиазхо, важа маьждигчохь лечкъинера, амма чолхе чевнаш йинера цунна а.
2021-чу шеран зазадоккху-баттахь Францехь 1500 сов стаг аравелира нохчийн диаспораца нийсо лелор доьхуш. Акци хIоттаран бахьана дара Рен гIалахь зазадоккху-беттан 17-чохь Нохчийчуьра схьаваьлла 23 шо долу Лабазанов Хьамзат вер. "Наркотикаш юхкучийн къестамаш" бу хиламна бухехь, бохура полицино, ткъа вийначун гергарчара бохам буьйзира Лабазанов ша вехачу цIа чохь наркотикаш ца йохкийта хьовзарна дилерша бинчу бекхамца.
2020-чу шеран гезгамашин-баттахь, Парижана 96 километар гена йолчу францхойн Эвре гIалахь дов даьллера Нохчийчоьнан а, Африкин а бахархошна йукъахь, ГIалгIайчуьра Евлоев Ахьмад вийра оцу инцидентехь.
2020-чу шеран аьхка Францерчу Дижонехь масех дийнахь девнаш лаьттира Нохчийчуьра а, Къилбаседа Афикера а бахархошна йукъахь. Бахьана дара мангал-беттан 10-чох 16 шо долчу нохчийн кхиазхочунна дина тIелатар. Дижонера хиламаш бирзича Нохчийчуьра шина вахархочунна бехкаш дехкира, вовшашца барт а бина, чолхе тIаьхье йуьтуш, ницкъабрна. Францихь бехачу Нохчийчуьра бахархоша дуккха а аьрзнаш дира Ниццан мэрна, шаьш меттигерчу наркобизнесца дузуш цо къамел дарна. Оцу бахьаница тIаьхьо полице кхайкхийра мэр. 






Губернаторы России





Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России