Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Август
2023
1
2 3 4
5
6
7 8 9 10
11
12
13
14
15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28 29 30 31

Стаг вийна аьлла шеконашца Францихь лаьцна нохчи дIахецна – цуьнан алиби йу

0
Францин Тарб гIалара полицино Мохьмад (фамили йоккхуш йац) цIе йолу Нохчийчуьра вахархо дIахецна, де хьалха лаьцнера иза стаг вийна аьлла. Мохьмадан аьтто хиллла шен алиби тIечIагIайн, полицина иза бехке ца хета зуламна.


Дагадоуьйту, товбеца-беттан 26-чохь пхеа денна хIоттийна Баскан культурина лерина Байоннехь фестиваль йоьдучу хенахь вийна ву стаг. 46 долчу Лани Патриса бехкбаьккхинера кхаа стагера, кхуьнан чу воьдучохь неIарехь хIатт дIасадеттарна. Кхунна тIелеттачу цара, йиттинера. Ланин хье-туьта лазийнера, исс дийнахь кхетамчохь воцуш Iийна, эххар а кхелхира иза.


23 шо долу нохчо Мохьмад лецира марсхьокху-беттан 23-чохь. Шен алиби тIечIагIйан аьтто хилира цуьнан – оцу фестивалехь иза хилла вац, Ланина тIелатар дечу заманчохь Тарбехь хилла иза; Тарба гIалина а, Байонна а йукъахь 150 чакхарма йу. Мохьмад маьршаваьккхира низамашкахь иза лаьцна вита кхачон 48 сахьт дIадалале. Байоннан прокуроро тIечIагIдина, шеконашкара иза маьршаваккхарх, хаамбина La Dépêche ресурсо.


Муьлххачу а кепехь гIаличохь гIелойарна дуьхьал митинг хIоттайе аьлла, кхайкхамбина жигархоша – фестиваль йирзинчул тIаьхьа меттигерчу полицига диъ дIахьедар дина хилла, хьийзийна аьлла.



Мангал-бутт бовш ши нохчо лецира герзаш диттина аьлла, шеконаш хилла. Францин къилбера Перпиньянехь стохка марсхьокху-баттахь дина хIума дара и. ХIетахь вийнера I7 шо долу кхиазхо, важа маьждигчохь лечкъинера, амма чолхе чевнаш йинера цунна а.
202I-чу шеран зазадоккху-баттахь Францехь I500 сов стаг аравелира нохчийн диаспораца нийсо лелор доьхуш. Акци хIоттаран бахьана дара Рен гIалахь зазадоккху-беттан I7-чохь Нохчийчуьра схьаваьлла 23 шо долу Лабазанов Хьамзат вер. "Наркотикаш юхкучийн къестамаш" бу хиламна бухехь, бохура полицино, ткъа вийначун гергарчара бохам буьйзира Лабазанов ша вехачу цIа чохь наркотикаш ца йохкийта хьовзарна дилерша бинчу бекхамца.
2020-чу шеран гезгамашин-баттахь, Парижана 96 километар гена йолчу францхойн Эвре гIалахь дов даьллера Нохчийчоьнан а, Африкин а бахархошна йукъахь, ГIалгIайчуьра Евлоев Ахьмад вийра оцу инцидентехь.
2020-чу шеран аьхка Францерчу Дижонехь масех дийнахь девнаш лаьттира Нохчийчуьра а, Къилбаседа Афикера а бахархошна йукъахь. Бахьана дара мангал-беттан I0-чох I6 шо долчу нохчийн кхиазхочунна дина тIелатар. Дижонера хиламаш бирзича Нохчийчуьра шина вахархочунна бехкаш дехкира, вовшашца барт а бина, чолхе тIаьхье йуьтуш, ницкъабрна. Францихь бехачу Нохчийчуьра бахархоша дуккха а аьрзнаш дира Ниццан мэрна, шаьш меттигерчу наркобизнесца дузуш цо къамел дарна. Оцу бахьаница тIаьхьо полице кхайкхийра мэр. 






Губернаторы России





Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России