Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Сентябрь
2023
1
2
3
4 5 6 7 8
9
10
11 12 13
14
15
16
17
18 19 20 21
22
23
24
25
26
27 28 29
30

Германихь таIзар кхайкхийна Кадыровн критикна тIелатар кечдинчунна

0
Оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон вешина – Абдурахманов Мухьаммадна  кIело кечйеш хилла аьлла, Мюнхенера Лаккхара лаьттан кхело бехке лерина Нохчийчуьра вахархо Дадакаев Валид. Набахтехь даккха итт шо хан тоьхна цунна.


Процессан куьйгалхочо, суьдхочо Виснер Кристофа дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан "пурбанца а, цо къобалдарца а, интересашкахь а" кечйина йара кIело аьлла, хаамбина Deutsche Welle гIирсо.


Иштта кхелана къаьстина, и зулам тIедиллинарг Кадыровн шича хилар а. Цуьнан цIе ца йоккху цара, амма ша Абдурахмановс чIагIдарца, Эдильгириев Пахруди ву иза. Цо тIедожийна хилла Дадакаевна иза вер, оцу зуламах ахча дIаделла а хилла.


"Аса а, сан вашас Тумсос а массарна хезаш Нохчийчуьра оьрсийн рожана критика йина аьлла вен везаш хилла со", - дIахьедина Абдурахманов Мухьаммада таIзар кхайкхийначул тIаьхьа.


Набахтехь даккха 11 шо дехнера Дадакаевна прокуратуро. Цуьнан адвокаташа дIахьедина, кхелан сацам къовсур бу шаьш.


Deutsche Welle гIирсана йеллачу комментарихь Абдурахманов Мухьаммада дегайовхо йу шен аьлла, кIелойарх долчу гIуллакхехула таIзар кхайкхийначул тIаьхьа Германино политикан тховкIело шена лур йу аьлла. Хьалхо цунна дуьхьало йинера.



Абдурахманов Мухьаммад – нохийн бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацин Германира векал ву. 2020-чу шеран гIуран-баттахь цунна дан лерина тIелатар йукъахдаьккхинера бакъоларйаран органаша. Дадакаев Валидана тIехь кхел йолийра 2022-чу шеран мангал-баттахь.
Йуьхьанца иза вер кхачийнера Нохчийчохь федералан эскаршна дуьхьал тIом бина, Кадыровс амнисти йелла Аурбиев Тамерланна. Дадакаевца цхьаьна зуламна кечам болийна а хиллера Аурбиевс, амма тIаьххьара а Абдурахманов Мухьаммадца зIене ваьллачу цо дIадийцинера, иза вен кечлуш хиларх. Deutsche Welle ресурсан хаамашца, Аурбиевс гIо дира талламна, цуьнан кхерамзалла латтийра  тешаш Iалашбечу программехула.
Дадакаевна гIо деш хиллера Германерчу Мекленбург- Хьалхара Померани (Mecklenburg-Vorpommern) олучу федералан лаьттIа тIехь йолчу конституци Iалашъяран урхаллан белхахочо. Карарчу хенахь даржах ваьккхина иза, чIагIдо немцойн Süddeutsche Zeitung гIирсо. Цуьнан бакъйолу цIе йоккхуш йац, кхелехь "Петер Граф" аьллачу цIарца лелош вара иза.
Йоьдучу кхелехь, Süddeutsche Zeitung хьостан хаамашца, Дадакаевгара схьайаьккхинчу телефон чохь карийнера Красиков Вадиман паспортан сурт а, цуьнан пIелгийн таммагIаш а. Велла дIаваллалц чохь йаккха хан тоьхна цунна Германихь, нохчийн тIемалойн хилла командир Хангошвили Зеламха верна.
2020-чу шеран чиллин-баттахь кIело йинера Абдурахманов Мухьаммадан вешина, оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона. Кхин цхьаъ кечйеш хиллера 2022-чу шеран гуьйранна кхочушйан. 






Губернаторы России





Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России