Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Сентябрь
2023
1
2
3
4 5 6 7 8
9
10
11 12 13
14
15
16
17
18 19 20 21
22
23
24
25
26
27 28 29
30

Нохчийн историк, журналист Вачагаев Майрбек "арахьарчу агентийн" тептаре ваьккхина

0
Оьрсийчоьнан юстицин министралло "арахьара агент" ву аьлла, дIакхайкхийна Вачагаев Майрбек – нохчийн историк, Маьрша Европа/ Маршо Радион журналист, "Кавказан хроника" Къилбаседа Кавказан сервисан подкастан автор.


Урхаллина хетарехь, Вачагаевс "доза доцчу нахана лерина арахьарчу агентийн хаамаш а, материалаш а кхуллуш а, уьш баржош а дакъалаьцна, Оьрсийчоьнна дуьхьал хьежамаш хилийта болх бина".


Майрбек Вачагаев – историн Iилманийн кандидат ву, Кавказан тIамах а, Нохчийчоьнан историх а, Къилбаседа Кавказера хьолах а лаьцна йазйинчу монографийн а, материалийн а автор ву.  1998-чу шарахь Ичкерин президентан Масхадов Асланан пресс-секретарь хилира иза, 1999-чу шарахь лецира бакъо йоцуш герз лелорна, набахтехь исс бутт баьккхина цо. Политикн тутмакх лерира иза бакъоларйаран"Мемориал", Amnesty International организацеша.


2000-чу шарахь Вачагаевна амнисти йелира, тIаккха Оьрсийчуьра дIавахара иза, Iилманан балхана тIевирзира иза цул тIаьхьа. 2018-чу шарахь цо арахийцира Къилбаседа Кавказан ламанхойн Союзех а, Ламанан ремпубликех а лаьцна монографи, 2019-чу шарахь – 90-гIа шераш йуккъе девллачу хенахь Нохчийчохь хиллачух, иштта дуккха а артиклаш арахецна цо. 2014-чу шарахь дуьйна Нидерландашкахь арахоьцучу Caucasus Survey историн-политикан журналан цхьахволу редактор а ву иза.


Иштта "арахьара агенташ" лерина "Новая газетан" корта редактор, Нобелан машаран премин лауреат Муратов Дмитрий, экономист Сонин Константин, Советан заманара диссидент Радзинский Олег, "Эхо Москвы" радион журналист Ларина Ксения (Баршева Оксана), комик Белый Руслан, журналист Катаев Денис, Санкт-Петербургехь депутат лаьттина Резник Максим, политикан Навальный Алексейн Воронежера штабан хилла куьйгалхо Карпов Евгений, "Новая Тыва" тIамна дуьхьал болам а.



"Арахьарчу агентех" низам юкъадаьккхина Оьрсийчохь 2012-чу шарахь. Цо аьтто бо Iедална муьлхха а политикан гIуллакх лелочу коммерцин йоцу вовшахтохаралла йа юкъараллин болам агент лара, нагахь цунна гIо-накъосталла деш делахь махкал арахьара. Оцу тайпа гIуллакх лелор муьлхачу барамашца билгадохуш ду кхетачу кепехь билгалдаьккхина дац оцу низамехь, ткъа цо хьийзо аьтто бина Iедалан дешаран а, могашалла ларъяран а, адамийн бакъонаш Iалашйаран, экологин а вовшахтохараллаш.
ТIаьхьо таро хилира арахьара агенташ бу аьлла, зорбанан гIирсаш а, бахархой а оцу тептаре баха, иштта арахьара ахчанах боьзна боцурш, амма "арахьарчу Iедало Iаткъам бийраш". Арахьара Iаткъам бар бохург хIун ду, оьрсийн низамашкахь билгалдаьккхина дац.
Хьалхо юстицин министралло "арахьара агенташ" лерира цхьа могIа кьаьмнийн боламийн жигархой, ишшта гIалмакхойн а цхьаьна – Довданов Владимир, чергазойн Яганов ИбрахIим а, Кочесоко Мартин а. 






Губернаторы России





Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России