Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Сентябрь
2023
1
2
3
4 5 6 7 8
9
10
11 12 13
14
15
16
17
18 19 20 21
22
23
24
25
26
27 28 29
30

"Даймахкана гIуллакхаш дарна" совгIат дина Кадыровн йоккхаха йолчу йоIана

0
Республикехь культурин министр йолчу, Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIана Кадырова Iайшатана "Даймахкана гIуллакхаш дарна" аьлла орденан мидал йелла – оцу омрана куьгйаздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.


ХIун динчунна дина совгIат, хоуьйтуш дац – омри тIехь билгалдаьккхина ду "даймехкан культура а, исбаьхьалла а кхиорна а, дуккха а шерашкахь беркате къахьегарна" а аьллла, совгIат дечу массарна а йаздийриг ду и.


Цул совнах, Дагестанера министрийн кабинетан куьйгалхочунна ДоттагIаллин орден йелла "балхаца кхиамаш бахарна а, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а", ткъа куйгалхочун администрацин урхалхочунна Таймасханов ГIаласна – "Даймахкана хьалха декхарш кхочушдарна а, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а" аьлла, IV-чу бараман орден йелла.


Iайшат – Кадыров Рамзанан йоккхаха йолу йоI йу. Шен 17 шо долчу хенахь Firdaws модан цIийнан директор хилира цунах, 2009-чу шарахь цуьнан нанас Кадырова Меднис схьадиллина дара и цIа. 2020-чу шарахь цкъа хьалха регионера культурин министран хьалхара гIовс хIоттийра иза, ткъа 2021-чу шарахь, шен 22  шо долчу заманчохь, министр йира цунах. Iайшатан хIусамда Мацуев Висхан кху шеран товбеца-баттахь республикин вице-премьер а, йуьртабахаман министр а хIоттийра.


Кадырова Iайшат "культурин хьакъйолу белхахо" йу, иштта мидалш йу цуьнан "Адамийн бакъонаш Iалашйарна" а, "Нохчийчоьнна хьалха декхарш кхочушдарна", регион "кхиорехь дакъа лацарна" а совгIат дира мехкан 100 шо кхочуш, ДоттагIаллин орден йелира "ДНР" аьлла дIакхайкхийначу мехкан цIарах, иштта Нохчийчоьнан лаккхара совгIат а – Кадыровн орден.


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, Японин а санкцийн тептаршкахь йу Кадырова Iайшат. Цул совнах Американ санкцешна йукъатоьхна Кадырова Iайшатан Firdaws модин цIа а.



ТIаьххьарчу беттанашкахь федералан пачхьалкхан совгIаташ делла Кадыровн кхечу гергарчарна а тIаьхьа. Марсхьокху-баттахь Нохчийчоьнан вице-премьерна, мехкан урхалхочун невцана Тумхаджиев Iийсанна IV-чу бараман орден йелира "Даймахкана гIуллакхаш дарна" аьлла. Иштта марсхьокху-баттахь Путин Владимира шен куьйга совгIат дира Кадыровн нанна – Айманина – Сийлаллин орденца. Товбеца-баттахь 26 шо долчу Кадыров Рамзанан вешин кIантана, иштта республикехь вице-премьеран а, бахаман, латтанийн йукъаметтигийн министран даржехь волчу Кадыров Хьамзатана "Даймахкана гIуллакхаш дарна" аьлла, II-чу барамехь мидалан орден йелира. Стигалкъекъа-баттахь "Нана-турпалхо" седа белира Кадырова Меднина – политикан хIусамнанна.
Нохчийчохь иттаннашкахь мехкан урхалхочун гергарнаш хIиттабо регионехь куьйгаллин лаккхарчу даржашка. Шен цIийнах болу нах хьалхатеттарехь, къийса хIума ца го цунна шена. "Сайн тешам берриг хIоттаво", - элира Кадыровс.
Пачхьалкхан даржашкахь ду цуьнан бераш, йижарий, невцарий, йиша-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар. 20I8-чу шарахь Оьрсийн "Би-би-си" телеканалан лараршца, Нохчийчуьра 158 баккхийчу хьаькамашлахь 30 процент Кадыров Рамзанан гергарнаш бу. 2021-чу шарахь Кадыровн йоI Iайшат, оцу заманчохь 22 шо дара цуьнан, Нохчийчоьнан культурин министр хIоттийра. 






Губернаторы России





Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России