Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Сентябрь
2023
1
2
3
4 5 6 7 8
9
10
11 12 13
14
15
16
17
18 19 20 21
22
23
24
25
26
27 28 29
30

ГIалгIайчуьра 4 шо долу йоI хьийзийна хилар бакъ ца дина тIаьххьарчу экспертизо

0
ГIалгIайчуьра Малгобекера 4 шо долу йоI Муцольгова Самира кхелхина лейкоз цамгарх, иза хьийзийна йац – иштта жамIаш дина йоьIан докъана тIаьххьара йинчу кхелан-медицинан экспертизо. И бIостане ду кхул хьалха йинчу экспертизин хаамашца а, йоI дарбадан охьайиллинчу дарбанан хIусамера лоьран информацица а.


Пятигорскера экспертийн жамIийн копи кхаьчнера "Фортанга" гIирсе. Цу тIехь охьайаздина лазийна лараш, хье чу цIий хьадар, эхье меттигехь моьнаш хилар, амма эксперташа боху, и дерриг а чIогIа лейкоз хиларна ара ца йахалуш ницкъхиларна ду.


Оцу йукъанна, "Фортанго" чIагIдо, хьалхо ГIалгIайчуьра кхелан-медицинан экспертизин Бюрохь бинчу талламо а тIечIагIдар, йоI хьийзийна хилар. Официалехь зорбане ца йаьккхира йинчу шина а экспертизийн жамIех информаци.


Муцольгова Самира охьайиллинчу, иза кхелхинчу дарбанан цIийнехь болх бечу лоьро ресурсана йеллачу комментарихь билгалдаьккхира, цунна хетарехь, керлачу экспертизехь йаздинарг хила йиш йац оцу лазарца доьзна. Цо иштта дIахьедина, иза дийна йолчу хенахь цуьнга хьоьвсинчу лоьрийн "цхьа а шеко йац", иза хьийзийна хиларх. Изза элира Кавказ.Реалиин сайтана комментарий йеллачу дарбанан цIийнан белхахочо Самира дийна йолчу хенахь.


Оцу йоьIанна тIехь эвхьазаллица хьийзорах лаьцна гIалгIайн жигархоша, блогерша, адвокато а дIахьедира, иштта ур-атталла ницкъахошца йоьзна хила тарлуш йолчу телеграм-канало а элира цунах дош. Шен белхан накъосташка кхайкхам бира каналан авторо, "дIа а лаций, массарна а гуш, кхел йе оцу бераш хьийзочу стагна тIехь". Ткъа бер деллачул тIаьхьа цо йуха а кхайкхамбира Талламан комитете: "Шуна хууш ма ду, и йоI хьизиний" аьлла.


Самира кхалхарх гIуллакх толлу талламхо марсхьокху-баттахь духьал хилира волайнхочун агIор болчу адвокаташна гIуллакхан материалаш йала. Оцу дуьхьалонна латкъам бира адвокато Беков Мохьмада.



Стигалкъекъа-беттан 16-чохь кхелхира Муцольгова Самира. Цул а кхо де хьалха дарбанан цIийне кхачийнера иза кхетамчохь йоцуш. Оцу йукъанна лоьраша къастийнера цунна тIехь чолхе чевнаш хилар а, иза пневмоница хилар а, иштта йоI хьизийна билгалонаш хаайеллера цунна тIехь. Талламан комитетехь и хааамаш "бакъ бац" элира.
Самирин нене бехкаш кховдийна хаа а хууш, цунна тIехь къизаллаш лелорна, иштта гIуллакх долийна ненан декхарш кхачам боллуш кхочуш ца дарна. Лаьцна хиллера Самирин ненанана а, амма иза дукха ца Iаш дIахийцира, къизаллаш лелош декъахь иза хиларх тоьшаллаш ца карийна. Хаамабора, оцу йоIана тIехь эвхьазалла лелийна стаг а цхьаьна лаьцна бохуш, оцу информацина тоьшаллаш дац.
Стигалкъекъа-беттан 18 чохь тезет хIоттийра ГIалгIайчохь. Цига баьхкинера масех эзар махкара бахархой, хьаькамаш а, Iеламчаш а цхьаьна. Имамаша а, къаноша а кхайкхамбира, берана тIехь гIело латтийначарна бекхам бе аьлла. ХIетахь дийца даьккхира, стенах йелла, иза хьизийна хиллий хьожуш кхелан-лоьрийн экспертиза йинийла
Кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу комиссино сацамбина Самирин ваша а, йиша а аьтто болуш бехачу доьзале дала. Бераш кхаба дIалаьцначун цIе йоккхуш йац. 






Губернаторы России





Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России