Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Сентябрь
2023
1
2
3
4 5 6 7 8
9
10
11 12 13
14
15
16
17
18 19 20 21
22
23
24
25
26
27 28 29
30

ТIемалойн хилла командир Хангошвили вийнарг маьршаваккхийта Америке аьлла тIедиллина Путина - WSJ

0
Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Оьрсийчоь а дийцарш деш йу тутмакхаш дIасахийцарх: уггар а хьалха, Wall Street Journal гIирсан материалехь йаздарехь, Москва къар ца ло Красиков Вадим араваккха бохуш, хетарехь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахо ву иза. Германихь кхел йина цунна нохчийн тIемалойн хилла командир Хангошвили Зеламха верна.


Дийцаршкахь, газето йаздарехь, Оьрсийчохь шпионажалла лелийна аьлла, кхел йинчу США-н вахархочун Уилан Полан а, оццу бехкана лаьцна Москвара СИЗОхь летточу Wall Street Journal ресурсан журналистан Гершкович Эванан а цIераш йу йохурш.


Артиклехь бахарехь, Путин Владимира тIедожийна Красиков Вадим арахецийта аьлла. И хаттар дийцаредеш ву кхерамзаллин Кхеташонан секретарь Патрушев Николай. Америкера набахтехь латтош хилла, Оьрсийчохь таIзар динчу баскетболан ловзархочух Грайнер Бриттница хийцира Бут Виктор. Ткъа Красиков америкахойн  юрисдикцица вац, иза Германихь чохь латтош ву. Цо мел а чолхе доккху гIуллакх дийцаршкахь.


ДIасахийцаран мел а чолхе схема хила а тарло, цигахь тептара йукъахь хир бу политикан тумакхаш лерина Оьрсийчоьнан оппозиционераш, Навальный Алексей, масала, хаамбо журналисташа, цхьа могIа Малхбузенан пачхьалкхийн анониман хьаькамашна тIетевжина.


Товбеца-беттахь The New York Times газето хаамбина, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Оьрсийчоьно а дийцарш долийна тутмакхаш дIасахийцарх, Гершкович а ву цу йукъахь аьлла. И бакъдира Американ президенто Джо Байдена а. Оьрсийн оппозиционерашца хийца билгалбаьхначу оцу тептарехь  США-н бахархой хилла ца Iа аьлла дуьххьара хаамбо The Wall Street Journal газето. Публикацих лаьцна цкъачунна Москвано комментарий йина йац.


Соколов Вадиман цIарца долчу кехаташца леллачу Красиковна кхел йира Берлинехь 2021-чу шеран гIуран-баттахь. Кхелана къаьстира, Москван тIедахкаршца иза лелаш хиллийла, 2019-чу шарахь Берлинехь Хангошвили вер пачхьалкхан терроризман акт лерира кхелахоша. Журналистийн талламашца а догIуш, Красиков хила тарло ФСБ-н лаккхара эпсар а, "Вымпел" спецназан лерринчу декъан ветеран а. Хангошивли верна бехкехилар Москвано тIе ца лоцу. 






Губернаторы России





Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России