Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Сентябрь
2023
1
2
3
4 5 6 7 8
9
10
11 12 13
14
15
16
17
18 19 20 21
22
23
24
25
26
27 28 29
30

Кадыров Рамзанан гонерчу нахана пачхьалкхан совгIаташ дина

0
Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира пачхьалкхан совгIаташ декъна Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу нахана. Кадыров Рамзанан гергара волчу, Соьлжа-ГIалин мэрана Кадыров Хас-Мохьмадна а, могушалла Iалашйаран министрна Лорсанов Сулейманна а орденаш йелла "даймахкана гIуллакхаш дарна" II-чу барамера, ткъа Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министрна Дудаев Ахьмадна – IV –чу барамера "Даймахкана гIуллакхаш дарна"  орден йелла.


Оцу кепара омра зорбане даьккхина Кремлан официалан сайтехь. "Къахьегарна а, дуккхаъ а шерашкахь белхаш барна а" совгIат дина Кадыров Хас-Мохьмадна, Лорсановна – "могушалла Iалашйарехь доккха дакъа лацарна а, хьанал дуккха а шерашкахь къахьегарна а" йелла. Дудаевна – къаьмнийн йукъаметтигаш чIагIйарна а, социалан мехала пректаш кхочушйарна а"  дина. Стенна тIехь цара хIун дакъалаьцна, билгалдаьккхина дац.


СовгIат динарш декъалбеш пост хIоттийна Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь.


32 шо долу Кадыров Хас-Мохьмад – Кадыров Рамзанан шичин кIант ву, Соьлжа-ГIалин мэр хIоттийна иза 2021-чу шарахь. 2017-чу шарахь, шен 26 шо долчу заманчохь цо куьйгалла дира Соьлжа-ГIалин полицин, ткъа 2020-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин а, министрийн кабинетан а куьйгалхо вира цунах. Юрист ву Кадыров Хас-Мохьмад, Нохчийн пачхьалкхан университет чекхйаьккхина цо "Юриспруденция" говзалла кара а йерзош.


38 шо долу Лорсанов Сулейман могушалла Iалашйаран министр хилира 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь, 2019-2021-чу шерашкахь Соьлжа-ГIалара номер 1 йолчу дарбанан цIийнан коьрта лор вара иза. Лорсановс чекхйаьккхина Воронежан пачхьалкхан Бурденкон цIарах лоьрийн академи.


Дудаев Ахьмадан 36 шо ду, 2020-чу шарера схьа дуьйна ву иза ша дIалаьцначу даржехь. Цул а хьалха кхаа шарахь куьйгалла дира Дудаевс ЧГТРК "Грозный" телеканалан, кхин а хьалха цо белхаш бина мехкан урхалхочун администрацехь кеп-кепарчу даржашкахь. Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан институт чекхйаьккхина Дудаевс, цул тIаьхьа РАНХиГС (Оьрсийчоьнан халкъан бахаман а, пачхьалкхан гIуллакхдаран а академи) чекхйаьккхина, "Пачхьалкхан а, муниципалан а урхалла" говзалла Iамош.


Кадыровн рожан пропагандица агIо латтош ву Дудаев. Халкъан ламасташца доьзна цо республикехь нахана хьалха стаг дIа а хIоттош, цуьнан йуьхь йохуш, цуьнга къурд алийтар, дIахьедира, шен урхалло терго латтош йу махкара арабевллачу бахархойн "леларна" тIехь бохуш. Журналистана Милашина Еленина а, адвокатна Немов Александрна а къиза Соьлжа-ГIалахь йеттарх лаьцна вистхуьлуш, цо бохура "малхбузен къайлахчу сервисийн почерк йу", ткъа журналисто "доллу къам" сийсаздина элира. Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама, КъорIан дагорна бехкевина, Соьлжа-ГIалара СИЗО-хь латтош хиллачу Журавель Никитина йеттар къобалдира министро – цо бахарехь,  Адама "дIагайтина, ша шайн сийлахьчу цIийнан хьакъволу векал" хилар.



Дахначу кIиранах Путина совгIат дира Нохчийчоьнан муфтийна Межиев Салахьна сийлаллин кехатца "динаш йукъахь а, къаьмнашна йукъахь а уьйраш латторехь" дакъалацарна аьлла.
Ши кIира хьалха Кадырова Iайшатна, Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан йоIана, махкахь культурин министран даржехь йолчу, совгIат дира "Даймахкана гIуллакхаш дарна" аьллачу орденан мидалца. Ткъа "Даймахкана гIуллакхаш дарна" IV-чу барамехь орден йелира Нохчийчоьнан урхалхочун администрацин куьйгалхочунна Таймасханов ГIаласна.
ТIаьххьарчу беттанашкахь федералан пачхьалкхан совгIаташ делла Кадыровн кхечу гергарчарна а тIаьхьа. Марсхьокху-баттахь Нохчийчоьнан вице-премьерна, мехкан урхалхочун невцана Тумхаджиев Iийсанна IV-чу бараман орден йелира "Даймахкана гIуллакхаш дарна" аьлла. Иштта марсхьокху-баттахь Путин Владимира шен куьйга совгIат дира Кадыровн нанна – Айманина – Сийлаллин орденца. Товбеца-баттахь 26 шо долчу Кадыров Рамзанан вешин кIантана, иштта республикехь вице-премьеран а, бахаман, латтанийн йукъаметтигийн министран даржехь волчу Кадыров Хьамзатана "Даймахкана гIуллакхаш дарна" аьлла, II-чу барамехь мидалан орден йелира. Стигалкъекъа-баттахь "Нана-турпалхо" седа белира Кадырова Меднина – политикан хIусамнанна. 






Губернаторы России





Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России