Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Сентябрь
2023
1
2
3
4 5 6 7 8
9
10
11 12 13
14
15
16
17
18 19 20 21
22
23
24
25
26
27 28 29
30

Эрмалойчоьнан а, къобалйазчу Карабахан а позицешна тохарш долийна Азербайджанан эскаро

0
Къобалйазчу Ломара Карабах республикехь тIеман операци йолорах дIахьедина Азербайджанан эскаро. "Констуцин дIахIоттам меттахIоттор" йу аьлла, дIакхайкхийна Iалашо.  Хаамбина эрмалойн а, Карабахан а эскарийн гIишлошна тохарш дарх, йаздо Маршо Радио оьрсийн сервисо.


Эрмалойчоь а, Карабах а бехкейина Бакус теракташ вовшахтохарна, дуьйцу азербайджанхойн пачхьалкхан АЗЕРТАДЖ агенталло. Бахьана даьлла Пачхьалкхан автомобилан некъийн а, тIеман транспортан а агенталлин машен гезгамашин-беттан 19-чохь минаш тIехь эккхийтича. ЧIагIдо, Азербайджанан эскархошлахь лазийнарш а, белларш а бу бохуш.


Къобалйазчу республикин хиллачу куьйгалхочо Варданян Рубена хаамбина блогехь, регионехь артиллерин тохарш ду деш аьлла.


 




Къаьсттина дукха эрмалой шена чохь беха Ломара Карабахан автономин мехках конфликтан бахьана хIоьттина Бакуна а , Ереванна а йукъахь Советан Iедал духучу заманчохь дуьйна. Шина а агIоно вовшашна бехкаш дохкура нах байарна, 1992-1994-чу шерашкахь хилла тIом бахьана долуш регионна а, автономина йукъа йогIуш ца хиллачу, цуьнца дозанехь лаьттачу территорешна а суверенитет йелира, амма дуьненахь цхьаммо а уьш къобал ца бира.


2020-чу шарахь Карабахехь ШолгIа тIом боьдуш дозанийн цхьа дакъа Бакун куьйгакIел дерзийра. Азербайджано дIакхайкхийра, дов дерзон кхин некъаш ца карадо шайна, оцу дозанаш тIехь дуьззина Iуналла дан ца дуьйлалахь аьлла.


Цигахь бехачу эрмалоша Баку бекхкейо нах хIаллакбарна а, бахархошна дуьхьал тIеман зуламаш лелорна а. 2022-чу шеран гIуран-баттера схьа дуьйна регион азербайджанхойн эскаро блокаде йерзийна йу ала тарло. 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь эрмалойн Iедалхоша Степанакертехь (азербайджанхоша Ханкеди олу) дIахьедира, къобалйазчу территорин декъа тIехь мацалла хиларх а, цунах цхьа стаг кхалхарх а.



Стигалкъекъа-баттахь Эрмалойчоь а, Азербайджан а кийча йара вовшийн дозанаш дийна хилар къобалдан. Цунах лаьцна дIахьедира Эрмалойчоьнан премьер-министро Пашинян Никола Москвахь йоьдучу Лакхара Евразин экономикан кхеташонан гуламехь. 






Губернаторы России





Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России