Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Сентябрь
2023
1
2
3
4 5 6 7 8
9
10
11 12 13
14
15
16
17
18 19 20 21
22
23
24
25
26
27 28 29
30

Нохчийчуьра ши министр садаIа вахна "балхана пайде ца хиларна" – цхьаъ ву могушалла Iалашйаран министр

0
Нохчийчуьра ши министр садаIа вахна

Нохчийчуьра могушалла Iалашйаран министр Лорсанов Сулейман а, Iаламан маьIданийн министр Лечхаджиев Анвар а цхьана хеначохь садаIа вахийтина "ханна балхана пайде вац" ваьлла. Оцу кепара кехаташна куьйгаш йаздина гезгамашин-беттан 19-чохь, мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан могушалла телхина йогIу аьлла, хаамаш баьржинчу йукъанна.

Кехаташ тIерачу хаамашца, Лечхаджиев мукъавитина гезгамашин-беттан 7-чохь, "балхана иза гунахь воцчу муьрехь" цуьнан декхарш кхочушдийр ду гIовс хиллачу Гадаев Алама. Iаламан маьIданийн министр Лечхаджиев балха тIехь хийцина гезгамашин-беттан 5-чохь цуьнан гIовсо Мусиханов Руслана. Карарчу хенахь Мусихановна тIехь дац министран декхарш, Лечхаджиев балха йухавеана йа ца веана, хаийтина дац. Билгале ду кхузахь, хьаькам кхо бутт хьалха, 2023-чу шеран мангал-баттахь, бен дарже веана цахилар.

Цхьабоса "ханна балхана пайде цахиларан" бахьанаш дуьйцуш дац. Лорсановн телеграм-каналера суьртаца, тIаьххьара официалан барамехь хилла иза гезгамашин-беттан 4-чохь, кхин дIа хиллачу белхан цхьанакхетаршкахь цуьнан гIовсаш бу. Гезгамашин-беттан 19-чохь Нохчийчоьнан могушалла Iалашйаран министрна мидал йелира "Даймахкана гIуллакха дарна" II-чу барамехь.

38 шо долу Лорсанов Сулеймана чекхйаьккхина Воронежера лоьрийн Бурденкон цIарах академи, хирурган болх бина цо Соьлжа-ГIаларчу дарбанан хIусамашкахь, масех шарахь коьртачу лоьран дарже кхечира иза. 2021-2022-чу шерашкахь – Нохчийчоьнан вице-премьеран секретариатан куьйгалхо вара иза, стохка товбеца-баттера схьа – могушалла Iалашйаран министр.  Оцу даржехь иза ларийра Хьалха-Мартанара дарбанан цIийнера лоьраш чийхон, лоьрашна мобилизаци йеш йу аьлла, баржийначу хаамашна тIехула. Иштта цо дIахьедира, берашна вакцинаци йан "чIогIа дуьхьал болчу" дайн-нанойн тептарш Нохчийчоьнан Iедалхошкахь ду аьлла.

41 шо долу Лечхаджиев Анвара дешна Краснодарера МВД-н университетехь, 2003-2015-чу шерашкахь чоьхьарчу гIуллакхийн органашкахь беохаш бина цо. Цул тIаьхьа бахархой социалан Iалашбаран Фондан республикера декъан урхалхо хIоттийра иза.

Гезгамашин-бутт болабелчхьана, Нохчийчоьнан куьйгалхочун долара кема кхузза Москва дахана, къастийра "Верстка" хьостан журналисташа. ТIаьххьара гIаьттина кема гезгамашин-беттан 15-чохь, ши де даьлча йуха а деара, билгалдоккху "Агенталло".

Нохчийчоьнан урхалхочун могушалла цIеххьана эшна йогIу, цунна Москвара президентан гIуллакхашкахула йолчу Урхаллин Коьртачу дарбанан цIийнехь лелош дарба ду аьлла хаамаш баьржинчу йуккъехула "Верстка" ресурсо тергойина лайнеран дIасалеларан. Цунах лаьцна йаздира, масала, ВЧК-ОГПУ телеграм-канало а, "Эхо Москвы" радиостанцин хиллачу коьртачу редаткоро Венедиктов Алексейс а – цо чIагIдо, Кадыровн "жаннашца лазар ду, сих-сиха гемодиализ оьшу" цунна аьлла.

Хьалхо "Новая газето" йаздира Кадыров Рамзан билггал цомгаш хиларх, оцу лазаро жаннашна а, пехашна Iаткъам барх, цундела гуттар а цунна оьшуш диализ хиларх.

Нохчийчуьра урхаллин йоллу система йихкина йу Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна а тIехь, оцу йукъанна шен нах даржашка хIиттор боккха болх ца хета цунна. Пачхьалкхан даржашкахь ду цуьнан бераш, йижарий, невцарий, йиша-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар.





Губернаторы России
Москва

Сергей Собянин. Главное за день





Москва

Владимир Путин сенсационно получил ключевое признание от Н А Т О.


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин расширил программу стимулирования создания мест приложения труда



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Сергей Рахманинов

Музыкальная сборная России сыграет в Воронцовском дворце шедевры Рахманинова и Баха




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Путин приветствовал в России участников и гостей Спортивных игр стран БРИКС

15 июня в Ростовском городском шахматном клубе на Газетном, 92 поведут рапид памяти международного гроссмейстера Сергея Аслановича Бешукова

Путин обратился с приветствием к участникам Спортивных игр стран БРИКС


Новак Джокович

Новак Джокович дал дорогу молодым // Борьбу за первое место в рейтинге АТР в этом году поведут Янник Синнер и Карлос Алькарас



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


ATP

Сафиуллин не смог пробиться во второй круг турнира ATP в Штутгарте



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России