Нохчийчоьнан куьйгалхочун невцана регионан лаккхара совгIат делла – Кадыровн цIарх орден
Нохчийчоьнан лаккхара совгIат – Кадыровн цIарх орден – кхаьчна йуьртбахаман министрана, регионан урхаллин хьалханчан гIовсана Мацуев Висханна. Республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоккхахйолчу Iойан Iайшатан хIусамда ву иза – хьалхо Iайшат вице-премьеран дарже хIоттийра.
СовгIат даларх Кадыровс шен телеграм-каналехь дийцира – йуьртбахаман белхахочун денна лерина дара иза. Цо бахарехь, 26 шо долу Мацуев "аьхка бен ца хIоьттина министраллин куьйгалле, амма хIинцлеа а кхиамаш гуш бу" – иза гойту "массо а агIор кхуьучу жамIаша". Билггал масалш цо ца далийра.
Товбеца-баттахь регионан урхаллин хьалханчан гIовс а, йуьртбахаман министр а хIоьттира иза. Цул хьалха даьхнийн а, латтанийн йукъаметтигийн министран даржехь вара иза, иштта Нохчийчухула йолчу МВД-н миграцин урхаллин куьйгалхо а вара. Цуьнан да – Мацуев Зеламха – Кадыров Рамзанан йуххера накъост а, хадархо а вара.
Мацуевн хIусамнанас Кадыров Iайшата гIадужу-баттахь регионан урхаллин вице-премьеран дарж дIалецира. Цуьнан дас бахарехь, керлачу даржехь социалан хеттарш луьстур ду цо.
Iайшат – Кадыров Рамзанан йоккхаха йолу йоI йу. Шен 17 шо долчу заманчохь Firdaws модин цIийнан директор хилира цунах. 2009-чу шарахь цуьнан нанас Кадырова Меднис схьдиллина дара и. 2020-чу шарахь цкъа йуьхьнаца регионан культурин министран хьалхарчу гIовсан дарже хIоттийра иза, ткъа 2021-чу шарахь 22 шо долуш министр хилира цунах. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, Японин а санкцийн тептаршкахь йу Кадырова Iайшат. Цул совнах Американ санкцешна йукъатоьхна Кадырова Iайшатан Firdaws модин цIа а.
Нохчийчохь иттаннашкахь мехкан урхалхочун гергарнаш хIиттабо регионехь куьйгаллин лаккхарчу даржашка. Шен цIийнах болу нах хьалхатеттарехь, къийса хIума ца го цунна шена. "Сайн тешам берриг хIоттаво", - элира Кадыровс.
Пачхьалкхан даржашкахь ду цуьнан бераш, йижарий, невцарий, йиша-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар.