Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Ноябрь
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10
11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23
24
25
26
27 28 29 30

Кадыров Адам "дезачу дарже" хIоттийна шен ден кхерамзаллин сервисехь

0
Кадыров Адам

Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхерамзаллин сервисехь "деза дарж" делла 15 шо долчу Кадыров Адамна, хаамбина мехкан информацин министро Дудаев Ахьмада а, Орсийчочьнан парламентан депутато Делимханов Адама а. Ткъа шо хьалха шен ден Ахьмадан кхерамзаллин сервисан куьйгалле хIоттийра Кадыров Рамзан.

Кхерамзаллин сервисехь муьлха дарж делла 15 шо долчу республикин куьйгалхочун кIантана билгал ца даьккхина йа Делимхановс а, йа Дудаевс а, делахь а,  информацин министро кхетийра, Адам хьакъ ву оцу дарже хIотто, хIунда аьлча, "динна тIехIотта кийча волу стаг санна" гайтина цо ша аьлла. Адам оцу дарже хIоттор "хила ма-деззара" ду аьлла Делимхановс.

2003-чу шарахь Кадыров Ахьмад Нохчийчоьнан президент хIоттийча президентан кхерамзаллин хьукматан куьйгалле хIоттийра цуьнан кIант Кадыров Рамзан. ХIетахь 27 шо дара цуьнан. Кхерамзаллин сервисехула чекхваьлла, Кадыров Рамзанан "аьтту куьг" лору Делимханов Адам а.

Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, 15 шо кхаьчна кхиазхойн бакъо йу "могушаллин зен ден доцчу" аттачу балха хIуттуш белхан контрактна куьгйаздан, белхан сахьташна доза а тухуш. Делахь а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIант хьалха а билгалваьккхира, цуьнан хенаца богIуш боцчу кхиамашца. ГIадужу-беттан 25-чохь 15 шо долчу Кадыров Адамна "Кхарачой-Чергазийчоьнна хьалха гIуллакхаш дарна" орден йелира. Регионан лаккхара совгIат ду и, 20 шарахь шен корматаллехь кхьахьегначарна бен луш дац.

Карладаккхар: Нохчийчоьнан могушалла Iалашйаран министро Алханов Адама дIахьедира, 15 шо долчу Кадыров Адам "Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхерамзалла латторна декъан" куьйгалле хIоттийна аьлла.

Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Журавель Никитина йиттира республикан куьйгалхочун 15 шо долчу кIанта Кадыров Адама. Журавеля ша дIахьедира цунах лаьцна. ГIадужу-беттан 25-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-канале хIоттийра Журавельна йетташ, дIайазйина видео. Шен кIанта динчух дозалла до ша аьлла, дIахьедира Кадыров Рамзана.

Нохчийчуьрчу полицино дуьхьало йира бехкзуламан гIуллакх доло – Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIант жоьпалле озон йиш йац, иза дукха жима хиларна аьлла.

ГIадужу-беттан 24-чохь ГIезалойчоьнан куьйгалхочо Минниханов Рустама шен куьга дIайелира Кадыров-жимахволчунна ГIезалойчоьнан "Дуслык" йеза орден – "къаьмнашна а, динашна а йукъара барт, машар а чIагIбарна аьлла". КIира хьалха мехкан Пачхьалкхан кхеташонан депутато Хамаев Азата массарна а хьалха дIахIоьттина, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь 19 шо долчу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа Кадыров Рамзана шен кIантана Нохчийчоьнан Турпалхочун седа баларна ша реза цахилар дIахаийтира.

Соьлжа-ГIаларчу СИЗОхь лаьцначунна йиттинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана Кадыров Адамна тIехIитта реза ца хилира ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Адыгейн а Iедалхой, къоман совгIаташ ца дира цара. Оцу кепара дехар кхаьчнера цаьрга Кадыров Рамзанан администарцин векалшкара.





Губернаторы России
Москва

Сергей Собянин: Центральной детской библиотеке имени Гайдара — 90 лет





Москва

Весь мир чипировали умом Ленина?! Раскрыта загадка Мавзолея В.И. Ленина. Проект "Святой Ленин".


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин: Центральной детской библиотеке имени Гайдара — 90 лет



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Анастасия Ивлеева

Блогер Ивлеева устроила фотосессию в монастыре в Тихвине в леопардовой накидке и платке




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Первое историческое ралли в Москве 2 июня 2024

Неделя легкой атлетики пройдет в Москве

ФК «Зенит» представил стартовый состав на суперфинал Кубка России в Москве


Ролан Гаррос

Синнер повторил достижение Джоковича и Надаля по победам на "Больших шлемах"



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

«Штрафы за лесные пожары строгие, но они должны быть неотвратимы»



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России