Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Ноябрь
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10
11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23
24
25
26
27 28 29 30

Нохчийчуьра Сулейманова Седа лачкъорах таллам болийна прокуратуро

0

Санкт-Петербургера прокуратуро таллам болийна Нохчийчуьра йахархо Сулейманова Седа лачкъорах чуделлачу дIахьедарехула. "Къилбаседа Кавказ SOS" бакъоларйаран кризисан тобано хаам барца, лахьан-беттан 2-чохь йоьIан тIехьийза кIант Кудрявцев Станислав хеттарш дан тIекхайкхинера. Цигахь цо "ма-дарра дийцина, белхахошна мел  оьшу информаци дIа а луш".

Йуьхьанца  Кудрявцевс Оьрсийчоьнан бахархойн бакъонаш Iалашйан векал йинчу Москалькова Татьяне хьажийнера шен дIахьедар, цигара цуьнан хаам пачхьалкхъан коьртачу прокуратуре кхачийна. Цул тIаьхьа Питерера прокуратура йолайелира таллам бан – цигахь хилла ду дина боху зулам. "СК SOS" тобанан бакъоларйархоша дагадаийтира, ши бутт сов хиларх Сулейманова йа шайца а, йа шен везарца а зIене ца йолу.

ЙоI лачкъийчхьана шозза нохчийн омбудсменан Солтаев Мансуран аккаунтехь гайтина. Цо чIагIдора, "йоIана кхерам бац" бохуш. Делахь а, бакъоларйархоша цунна сагатдо. Кудрявцев Станислава бусалба дин тIеэцна, шена хIуммаъ дийр дац цигахь аьлла, гарантеш йаха хьийза иза, Нохчийчу а вахана, шен йезачуьнца цхьаьнакхета. Кавказ.Реалиин сайтана йеллачу интервьюхь жимчу стага дийцира Сулеймановаца шен хиллачу йукъаметтигех а, иза лачкъорах а лаьцна.

Марсхьокху-беттан 23-чохь Сулейманова Седа а, цуьнца хилла Кудрявцев Станислав а дIадигира Петербургера петарера веа стага, царех шиммо шаьш полицин белхахой ду элира биссинарш могIарерчу нехан духарца бара, дийцина Кудрявцевс бакъонашларйархошка. ЙоI а, Кудрявцев а гIалин 54-чу полицин декъе далийнера. Жимстаг дIавахийтина, ткъа Сулейманова 150 эзар соьмана цо хIуманаш лечкъийна аьлла лаьцна йоI Нохчийчу дIайигинера. Бакъоларйархошна хетарехь, къола дина аьлла и гIуллакх шайггара къоьллина хила тарло, хIунда аьлча, оцу бахьанашца Нохчийчохь лечкъош бу нах.

Соьлжа-ГIалахь Сулейманова Седе хеттарш дира теше санна, адвокат оьшуш вац аьллачу кехатна куьг йаздайтира цуьнга. Хеттарш динчул тIаьхьа йоI полисхойн декъера арайолучу хенахь гергарчаьрга дIайелира.

20 долу Исмаилова Селима лецира мангал-баттахь Москварчу "Внуково" аэропортехь, доьзалехь латточу гIелонах йедда иза, Оьрсийчуьра дIайаха арайаьллера. ШолгIачу дийнахь нохчийн ницкъахошка дIайелира иза. Цул хьалха цо къола дина аьлла, гергарчара цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даккхийтинера. Лачкъийна кхо кIира ахкIира даьллачу хенахь Исмаилова гайтира меттигерчу телехьожийлан эфирехь: цо дIахьедира, ша кхерамзаллехь йу, Iад йита ша аьлла.

2021-чу шарахь нохчийн ницкъахоша лачкъийра Тарамова Хьалимат – Кадыровн гонерчу Соьлжа-ГIалара "Гранд-паркан" директоран Тарамов Аюбан йоI йара иза. ХIинжа-ГIалара шелтерехь лечкъина хиллера иза кхечу зударшца цхьаьна – арабаьхначу царна а йиттинера.

2019-чу шеран аьхка 20 шо долу Нохчийчуьра йахархо Сугаипова Заира йедира цIера – бахьана хиллера - бертаза цуьнан нах иза маре йала хьовзар. "Китеж" кризисан центрехь лечкъийна Iийра Сугаипова масех дийнахь, амма цуьнан наха тIаьхьа а бевлла, бертаза йухайигира иза даймахка. ТIаьхьо ЧГТРК "Гроный" телехьожийлан эфирехь сюжет гайтира, цу тIехь Заирас бакъ ца до, шена доьзалехь ницкъбар, "феминисташа хаздинера" шена элира цо йадар.

Кавказ.Реалиин сайто дийцира, доьзалехь гIело латтайора шайна тIехь аьлла, бевддачул тIаьхьа йухабигинчу бахархоша камерана хьалха шайгахь бала хилар харцдарх. Бакъоларйархой тешна бу, оцу кепара сюжеташ хIиттош йу аьлла: йийсараллехь латточу нехан аьтто бац шаьш хьийзочарна дуьхьало йан.

Къилбаседа Кавказера бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьал Команда" организацин (КПП) филиалан юристана Аламов Мохьмадна а, цуьнан доьзална а кхерамаш тийсинера дойур ду шу бохуш, цо ГIалгIайчуьра Минеральные Воды гIала дIайигинчу Яндиева Маринин гергарчара. Доьзалехь гIело латтийна шена аьллачу йоIа орца дехнера кризисан "СК SOS" тобане, ткъа цара КПП-ра шайн белхан накъост гIоьнна йукъаозийнера. Цул тIаьхьа ЯндиевгIеран доккхачу тайпано ультиматум хIоттийнера: йа шайн йоI цIа йогIу, йа Аламов а, цуьнан гергарнаш а бойур бу шаьш аьлла.





Губернаторы России
Москва

Собянин: Общегородской школьный выпускной пройдет в Москве 28 июня





Москва

Инго Экосистема стала победителем национальной премии FinTech Awards Russia


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин расширил программу стимулирования создания мест приложения труда



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Элджей

Проклятье «голой вечеринки» и полицейские проверки: куда пропал рэпер Элджей




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Файзуллаев рассказал, что тратит порядка $5 тысяч за месяц жизни в Москве

Крупный строительный кластер возведут у поселка Спортбазы в ТиНАО

15 июня в Ростовском городском шахматном клубе на Газетном, 92 поведут рапид памяти международного гроссмейстера Сергея Аслановича Бешукова


Александр Зверев

Испанец Алькарас выиграл у Зверева и стал победителем Roland Garros



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» и ДЕНЬ РОССИИ: успех России в С В О = мир во всём мире?!



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России