Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Ноябрь
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10
11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23
24
25
26
27 28 29 30

ГIаззера арабуьйлурш тIеэца кийча хиларх дIахьедина Нохчийчохь а, Дагестанехь а

0
ГIаззера арабуьйлурш тIеэца кийча хиларх дIахьедина Нохчийчохь а, Дагестанехь а

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а Iедалхоша дIахаийтина, ГIазза секторера ца бевллачу денна арабуьйлу нах тIеэца регионаш кийча хиларх – хаамашкахь "Палестинера мухIажарш" олу царах. Нохчийчохь дIахьедина, 250 стаг дIатарван йиш йу шайн аьлла, Дагестанехь – 200, хьалхара 50 стагах лаьтта тоба кху кIиранах ларйеш йу.

Нохчийчохь кечамаш бу беш Оьрсийчоьнан бахархой тIелаца, хаамбира регионалан чолхечу хьолан министралло, кхоьллина оцу гIуллакхна белхан тоба. "Грозный" ЧГТРК-но билгалдоккху, 250 стаг дIатарван сацам тIеэцна мухIажаршца болх бечу Федералан штабо аьлла. Шела кIоштара Эвтарахь йолчу могушалла тайен "Горный ключ" лагерехь охьаховшор бу уьш.

Иштта "Палестинера мухIажарш" тIелацар дийцаредира Дагестанан министрийн кабинетан кхеташонехь а. Цуьнан куьйгалхочо Абдулмуслимов Iабдулмуслима дIахьедина, 200 гергга стаг дIатарван аьтто бу республикин Карабудахкентан кIоштара "Леззет" санаторихь а, ХIинжа-ГIалара "Дельфин" хьешан хIусамийн комплексехь а. Цо чIагIдо хьалхара мухIажарийн 50 стагах йолу тоба хIара кIира чекхдалале схьакхочуш йу. Хьукматашна тIедиллина царна транспорт вовшахтохар а, нахана лоьрийн гIо латтор а, зIе, уггар а хьалха оьшу хIума нисйар а. Оцу Iалашонашна Iедалхоша кхоьллина белхан тоба йу.

Дагестанера официалан хаамашкахь къастийна дац, буьйцурш Оьрсийчоьнан бахархой буй, амма царна улло бевлла гочдархой бу аьлла хьахорехь, хила тарло царлахь Iарбойн бахархой а.

Цул совнах, 250 "Палестинера мухIажар" тIеоьцуш хиларх хаийтина Башкортостанан Iедалша а, хаамбо пачхьалкхан ТАСС агенталло, - Оьрсийчоьнан МЧС-н куьйгалхочуьнца Куренков Александрца хиллачу кхеташонехь тIеэцначу сацамашна тIетуьйжу уьш. Иштта де хьалха хаамбира, ца бевллачу денна ГIазза секторан дозанашкара арабевлла 130 бахархой Калуган кIоштахь дIатарбийр бу аьлла.

Израиль Iалашйечу армино кхин а дIахьош йу лаьттахула операци ГIазза секторехь. И йолийра цара радикалан исламистийн, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Евробертан мехкашкахь а террорхойн организаци леринчу ХЬАМАС тобано Израилан къилбехь гIадужу-беттан 7-чохь тIелатар динчул тIаьхьа. ХIетахь 1200 стаг велира, 240 гергга, масех иттаннашкахь арахьарчу мехкашкара нах а цхьаьна, джихIадхоша йийсаре эцна, ГIаззе дIабигира.

Палестинхойн агIоно бехкаш дохку Израилан тIемалошна маьрша нах байарна. ХЬАМАСан Iуналла дечу ГIаззера могушалла Iалашйаран министралло чIагIдо, гIадужу-беттан 7-чохь секторехь 12 эзар адам делла бохуш. Царех дукхахберш зударий а, бераш а ду бохура. Бозуш боцчу хьасташкара тоьшаллаш дац оцу хаамна.

Израилан агIоно чIагIдо, шаьш ХЬАМАСан тIеман гIишлошна бен тохарш деш дац, иштта церан бахархойн инфраструктурина йукъарчу гIишлошна а.





Губернаторы России
Москва

Собянин: На северо-западе Москвы открылся волонтерский центр «Доброе место»





Москва

Периоды похолодания в июне спрогнозировали россиянам


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: На северо-западе Москвы открылся волонтерский центр «Доброе место»



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Надежда Бабкина

Как сегодня выглядит 74-летняя Надежда Бабкина




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Неделя легкой атлетики пройдет в Москве

ФК «Зенит» представил стартовый состав на суперфинал Кубка России в Москве

«Зенит» добыл волевую победу в матче с «Балтикой» и завоевал Кубок России


Ролан Гаррос

Бывшая российская теннисистка спела гимн Франции



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России