Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Ноябрь
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10
11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23
24
25
26
27 28 29 30

Эпилепсица волу нохчо набахте хьажийна мессенджерехь йозанаш дарна

0
Эпилепсица волу нохчо набахте хьажийна мессенджерехь йозанаш дарна

Нохчийчуьра 25 шо долу вахархо Тапаев Висита бехке лерина мессенджерехь йозанаш дарна даIишхошца йукъарло лелош, сим-карта эцарна а. Эпилепси йолчу Хьалха-Мартанара вахархочунна ши шо хан тоьхна, хьалхара шо набахтехь а токхуш.  Прокуратуро тIех кIеда ду аьлла таIзар, амма апелляцино хийцанза дитина и. Тапаев Висита террорхойн а, эксремистийн а тептаре ваьккхина.

ТаIзар тIехь дийцарехь, телеграман мессенджерехула Тапаевца зIенехь хилла "ayib_ shishaniy" ник йолу, даIишхошлахь волу цхьа накъост. Ву бохучу гIаттамхочун цIе йоккхуш йац таIзарехь, амма билгалдоккху, 2013-чу шарера схьа дуьйна важа Шемахь хилар, 2018-чу шарахь иза лаца кхайкхийна хиларх а.

Интернетехь шеца къамеле ваьллачун дехарца Тапаевс "Билайн" операторан сим-карта эцна хилла Qiwi-бохчана регистраци йархьама, йовзийтина шеца хабарехь волчунна регистраци йеш цкъа хIоттош йолу пароль а. Билгалдоккху, кхел йинчун дог лозуш хилла Шемахь тIемаш бечийн идейх, иза кхеташ хилла, царех цхьанна ша гIо деш вуйла а.

Кхелехь Тапаев Виситас бехке хиларх мукIарло дина, амма дуьхьал хилла кийтарлонаш йан, ша шена дуьхьал тоьшалла ца дан бакъо лучу Конституцин 51-чу артиклана тIетевжина. Талламхочо а, кхело а леррина билгалдоккхура тешийн дийцаршкахь – таIзаре хIоттийначун гергарчийн а, иза вевзачийн а – Тапаевс дин лелош хилар, маьждиге оьхуш хилар а.

Бехк тIелацар, эпилепси цамгра хилар, Тапаевн нана заьIапхо хилар лерина цунна таIзар кIеда хила дезаш хиларан бахьанаш.

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело йухатеттина террорхошна гIо латтийна аьлла, Дагестанан вахархочун Акаев Iабдуллина йинчу кхелана латкъам бар. Шогачу рожан хьелашкара колонихь даккха исс шо хан тоьхнера цунна, амма цо дIахьедора, ша бехке вац, бехкзуламан гIуллакх фальсификацица ду бохуш. Талламна хетарехь, террорхойн Iалашонашна кхаьчна ахча, цо шен вешин карти тIе даккхарна кхел йира Акаевна.

Меттигера вахархо лецира Ростовн кIоштахь, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхира "Исламан пачхьалкхана" (Оьрсийчохь организаци террорхойн лерина йу) ахча латторна. Ницкъахоша дIахьедира,  исламан литература арахоьцучу "Уммат" компанин долахочунна ахча дехьадоккхуш хиллера цо аьлла. Кху шарахь компанин куьйгалхочунна Эжаев Асламбекана колонихь даккха 17 шо туьйхира, террорхошна ахчанаш дехьадаьхна аьлла бехкевина.

Дагестанехь масех меттигера вахархочунна кхел йира экстремистийн символика гайтар аьллачу артиклехула. Социалан машанашкахь террорхойн "Исламан пачхьалкх", "Аль-Къайда" тобанийн байракхаш социалан машанашка хIиттош хиллера цара. Оцу артиклехула цхьа эзар соьмана тIера шина эзаре гергга кхаччалц сом гIуда туху, йа 15 дей-буьйсий чохь доккхуьйту. Дукхачу меттигашкахь кхелаша уггар а лахара таIзарш дора.

Нохчийчуьрчу Гуьмсан гIалин кхело зуламах лаьцна мотт ца тохарна бехкевина меттигера вахархо Капланов Нурсаит. Нохчийчоьнан вахархочо низам лардаран органашка ца хаийтина хилла Шемарчу тIеман конфликтехь шена вевзаш волчу стага Оьрсийчохь магийна боцу даIишхойн агIонехь дакъа лаьцна хиларх.





Губернаторы России
Москва

Мэр Москвы договорился о создании роботизированного завода по производству грузовых автомобилей





Москва

В Подмосковье сотрудники Росгвардии спасли пожилого мужчину, который оказался один дома и плохо себя почувствовал


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Мэр Москвы договорился о создании роботизированного завода по производству грузовых автомобилей



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Баста

На организацию зоны активности для гостей на концерте артиста Басты выделят 1,7 млн рублей




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

«Столото» подписал соглашение в развитие стратегической поддержки комплекса ГТО и многоборья ГТО

Медийный баскетбол, киберспорт и турнир ММА: Константин Пухов рассказал о мероприятиях Международного центра бокса (Наташа)

Поражения Шубенкова и Савлукова, осечка Кнороз и двойной триумф Макаренко: чем запомнился «Мемориал Знаменских»


WTA

Соболенко, проигравшая Андреевой, потеряет 2-е место в рейтинге WTA по итогам «Ролан Гаррос», уступив его Гауфф



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Два человека пострадали в ДТП с автозаком в Москве



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России