Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Ноябрь
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10
11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23
24
25
26
27 28 29 30

Тапча латторна таIзар динчу ГIалгIайчуьра вахархочо дIахьедина гIуллакх шен харцхьадаккхарх

0
Тапча латторна таIзар динчу ГIалгIайчуьра вахархочо дIахьедина гIуллакх шен харцхьадаккхарх

ГIалгIайчуьра вахархочунна Хамхоев Аланна Нохчийчохь шо хан кхайкхийна колонихь-поселенихь даккха, цуьнгахь карийна хилла патармашца тапча бакъо йоцуш цо латторна. ТаIзар динчо дIахьедина нохчийн талламхоша шен бехктакхаман гIуллакхца фальсификацеш лелийна аьлла.

Динчу таIзарца, Хамхоевна 2022-чу шеран охан-беттан йуьххьехь хьуьнхахь ИЖ-79 тапча карийна хилла биъ патарма цхьаьна а болуш. Йуьхьанца цигахь, диттан хари чохь дIайиллина латтийра цо и, ткъа кху шеран зазадокхучу –баттахь Нохчийчуьра Хьалха-Мартанара "Башлам" базара йаьхьна хиллера цо тапча. Цигахь талламаш бечу полисхошна карийнера герз. ХIинццалц схьа лаьцна латтош вара иза.

Хьалха-Мартанарчу кхелехь Хамхоев Алана бехк тIелецира, амма шена таIзар динчул тIаьхьа цунна латкъам бира мехкан Лакхарчу кхелехь, таIзар хийцар доьхуш. Доккхачу декъанна цо дIахьедира, 2023-чу шеран зазадокху-беттан 28-чохь (ша базарахь лацале ши де хьалха) Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалле валийра ша аьлла, цигахь  "психикан Iаткъам бинера, йетта а йетташ, тIаккха декхаре хилира иза бехк тIелаца". Иштта Хамхоевга тIелацийтинера цхьа стаг вуьйш гунахь хилла ша аьлла бехк а.

"Шен дахарх кхоьруш Хамхоевс тилийнера адвокат, кхелехь дов къасточу йукъанна харц мукIарлона тIехь соьцуш", - аьлла ду апелляцина хьажийначу латкъама тIехь йаздина.

Бехктакхаман жоьпаллех вала гIертар ду элира иштта дIахьедар апелляцино, цундела дина таIзар хийцанза дитира.

ТаIзар динчун персоналан хаамаш берриг а богIуш бу цIарца а, фамилица а, ден цIарца а ГIалгIайчохь 2018-чу шарахь лецначарна тIехь къизаллаш лелорна а, бакъо йоцуш тIеман гIирс латторна а Магасан кхело колонихь даккха кхо шо тоьхначу ГIалгIайчуьра экстремизмана дуьхьало латточу Центран белхахочуьнца.

Шина а таIзарш тIехь дуьйцуш ду Хамхоев Аланан пачхьалкхан а, урхаллин а совгIатех, цо а тоьшаллаш дан тарло вуьйцург цхьа стаг хиларан.

Герз а, патармаш а латторна Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкахь кхел йинчара дIахьедора, шайна дуьхьал доху гIуллакхаш харцхьадахарх, ткъа лело бакъо йоцу хIуманаш шайна туьйсуш йу ницкъахоша бохуш. Доккхачу декъана цунах лаьцна дIахьедира ХIинжа-ГIалара Навальныйн штабан экс-координаторо Атаев Эдуарда (цунна йалх шой ахшой тоьхна чохь даккха), ЧВК "Вагнеран" хиллачу йолахочо Шортанов Аскера, батIалхьажойн йукъараллин декъашхочо Белхороев Ахьмада а, 13 шарна хан тоьхначу Астраханера Сатемиров Артура, иштта кхин дIа болчара а.

2016-чу шарахь "Э" Центран гIишло чохь велира Долиев Мохьмад. Иза валийнера цига айхьа банк йаьхьна алий хьайна тIелаца аьлла. Талламо тIечIагIдира, Долиевн коьртах тIоьрмиг боьллина, цунна ток йеттийтина хилар. Кеп-кепара хенаш йиттира оцу зуламан ворхI декъашхочунна.

ГIалгIайчоьнан вахархочух Долиев Мохьмадах йисинчо тIедожийна, Iазапаш хьегийтарна бехкевен экстремизмана дуьхьало латточу Центран хилла хьаькам Хамхоев Тимур колони йухавалавар. 2020-чу шо довш маьршаваьккхира иза хенал а хьалха, йисина хан арахь токхуш. Хьалхо хенал а хьалха араваьккхира оцу гIуллакхца кхел йина кхин а шиъ: 2019-чу шарахь – ГIалгIайчуьра УФСБ-н белахо Цороев Мустафа, ткъа 2018-чу шеран дечкен-баттахь – Сунжан кIоштарчу ОМВД-н хилла куьйгалхо Беков Мохьмад.

Астраханан кIоштара боккхачу доьзалан да Гусейнов Эльвин Табриз оглына йалх шо хан туьйхира йукъарчу рожан хьелашкахь йолчу колонихь даккха, иштта 80 эзар сом гIуда а хьарчийра цунах гаьргийн Ф-1 граната цIахь латторна а. Цо дIахьедира, ФСБ-н белхахоша теснера шена граната аьлла.





Губернаторы России
Москва

В Зеленограде появится производство альбумина и иммуноглобулина — Собянин





Москва

Юлия Пересильд, московский Театр на Таганке, ММОМА – участники 3-его фестиваля «Территория. Красноярск» раскрывают грани современного искусства


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Москва — мировой лидер по динамике развития транспортной инфраструктуры



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Концерт

Концерт с известными артистами пройдет в Санкт-Петербурге на День России




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Псковичка стала призером соревнований по прыжкам в высоту в Москве

В ТРЦ «Звезда» проходит финальная игра 1/4 Центральной лиги КВН «Самара»

В Швейцарии завершился чемпионат Европы по спортивной и фитнес-аэробике


Янник Синнер

«Янника Синнера очень рано сравнивать с Роджером Федерером» // Тренер мужской сборной России по теннису Игорь Куницын — о главных событиях Roland Garros



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Синоптики пообещали москвичам сухую погоду и до +25 градусов 8 июня



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России