Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Ноябрь
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10
11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23
24
25
26
27 28 29 30

Волгоградехь КъорIан дагийначу гIуллакхехула волайнхой бу аьллачу имамашка хеттарш дина Нохчийчуьра кхело

0
Волгоградехь КъорIан дагийначу гIуллакхехула волайнхой бу аьллачу имамашка хеттарш дина Нохчийчуьра кхело

Волгоградера маьждигна хьалха КъорIан дагийча гIаттийначу гIуллакхехула шаьш волайнхой ду аьлла, дIакхайкхийначу меттигерчу пхеа имаме хеттарш дина Нохчийчуьра кхело. Цара дIахьедина, Журавель Никитас лелийначо "массо а бусалбанийн дог-ойланаш сийсазйина". Хьалхо республике дIакхачийна 19 шо долу Волгоградера вахархо политикан тутмакх лерира "Мемориало".

ТIаьххьарчу кхеташонехь хеттарш динчара хаамбира, Журавеля динчо шайн сина зен дина, йаздо пачхьалкхан ТАСС агенталло.

"Массо а бусалбашна хIара магийта йиш йоцург ду. Со а сийсазвина кхо, сийсазбина боллу бусалбанаш", - далийна "Чечня Сегодня" агенталло Соьлжа-ГIалара Байсангуран кIоштан маьждиган имамо Бибулатов Салмана аьлла дешнаш.

Кхелехь Журавеля рогIера йуха а къинтIера бехира бусалбанаш, йаздо "Сапа-Кавказ" телеграм-канало. РогIера кхеташо хир йу дечкен-беттан 12-чохь. Оцу дийнахь висинчу бархI имаме а хеттарш дийр долуш ду.

Верриг а волайнхо ву аьлла, билгалваьлла 13 имам, кхело шайн кхеташо масийттаза дIатеттира, уьш дов хоттучу ца бахкарна.

Журавель Никита бехкево Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна а, динца болчу цабезамца харцахьа леларна а йолчу артиклашкахула. Кавказ.Реалиин сайто йаздира, кхелан хиллачу ладегIаршкахь кхело бехбуьллучу тешашка видеозIенехуоа хеттарш дарх – Волгоградера маьждиган имаме Бектемиров Ильясе а, VI.ru сайтан корреспонденте Богданов Иване а, иштта дуьхьало йина адвокаташа кхелахо Дандаев Руслан гIуллакхера араваккха аьлла дина арз тIеэца – цо озабезамаш бийр бу аьлла хета царна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун 15 шо долчу кIанта Кадыров Адама кху аьхка йиттира лаьцна латточу Журавель Никитина. Полицино дуьхьало йира бехктакхаман гIуллакх долон, Адаман жоьпалле озон хан тIекхаьчна йац аьлла. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана ворхI совгIат дира: йуьхьанца республикин "турпалхо" вира цунах, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта Балкхаройчоьнан а совгIаташ делира, цул совнах, "Умматана хьалха гIуллакъаш дарна" I-чу бараман орденца а, иштта нохчийн "Даймехкан сий" орден а йелира.

КъорIан дагийна аьллачу шеконашца Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша дIахьедира, лаьцначо мукIарло дина, СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара ша аьлла. Журавеля дина дIахьедар доцург, мича тоьшаллаш тIехь гIуллакх вовшахтоьхна, хууш дац.

 Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира – цигара "дуккха а" дехарш кхочура, шаьш зен хилларш лара оцу гIуллакхехула аьлла бух балош.

Кхелехь Журавеля къинтIера бехира шена бусалбанаш, дIахьедира, ша бехке хета шена делах тешачарна деза хета жайна дагорна, амма къепе шога йохон лаам бацара шен аьлла. Цо иштта тIетоьхна, КъорIан дагор ду аьлла, шен барт хилла нах ца карийна, ткъа и зулам дира ша итт эзар соьма дуьхьа, иза а дала а ца делира шена аьлла.





Губернаторы России
Москва

Собянин поздравил выпускников московских школ с праздником последнего звонка





Москва

23 МАЯ РОССИЙСКАЯ МЕЖДУНАРОДНАЯ АКАДЕМИЯ ТУРИЗМА ОТМЕТИЛА СВОЙ 55-Й ДЕНЬ РОЖДЕНИЯ. ФОТОРЕПОРТАЖ


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин рассказал о реализации программы реновации в районе Филевский Парк



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Луи Армстронг

Неизданный концертный альбом Луи Армстронга представят на лейбле Verve Records




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Эксперт оценила развитие района Филевский парк

Анимационной компании «ЯРКО» – 3 года!

«Евро-Футбол.Ру»: «Спартак» никогда не интересовался Сафоновым


Екатерина Александрова

Екатерина Александрова уступила Линетт во втором круге турнира в Страсбурге



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

23 МАЯ РОССИЙСКАЯ МЕЖДУНАРОДНАЯ АКАДЕМИЯ ТУРИЗМА ОТМЕТИЛА СВОЙ 55-Й ДЕНЬ РОЖДЕНИЯ. ФОТОРЕПОРТАЖ



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России