Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Декабрь
2023
1 2
3
4 5 6 7 8 9
10
11 12 13 14 15 16
17
18 19 20 21 22 23
24
25 26 27 28 29
30
31

Дан ма-деззара таIзар ца дина ХIинжа-ГIалара аэропортехь жуьгташна дуьхьал талораш лелийначарна – HRW

0
Дан ма-деззара таIзар ца дина ХIинжа-ГIалара аэропортехь жуьгташна дуьхьал талораш лелийначарна – HRW

ХIинжа-ГIалара аэропортерхь жуьгташна дуьхьал лелийначу къепедацарийн маьIна дайдина Дагестанан Iедалхоша, ксенофобица къийсам латтон безаш хиларх дуьненайукъара декхарш тергал ца дина. Иштта дIахьедина Кавказ.Реалиига дуьненайукъара Human Rights Watch (HRW) бакъоларйаран организацино, къепедацаршкахь хиллачарна бина бекхам тоаме хетий аьлла, шайга деллачу хаттарна жоп луш.

Республикин Лакхарчу кхелан хаамашца, гIалийн а, кIоштийн а кхелаша сацамаш бовзийтина антисемитан талорашкахь дакъалаьцначу 240-нна административан таIзар деш. Царех 104 лаьцна витира 10 дей-буьсий чохь доккхуьйтуш. Iедалхошкара бакъо йоцуш гулам хIоттийча санна, хьовсу къепедацаршка полици, ткъа Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс кхетийра, могIарера цуьнан декъашхой экстремистех дIабеттийла йац уьш полисхошна тIе ца леттехь, цара аэропортана дина зенаш дацахь, билгалдоккху HRW организацин Европан а, Йуккъерчу Азин а декъан Iилманан белхахочо Лохмутов Алекса.

"Дуьненайукъарчу организацеша дуккха а шерашкахь Оьрсийчоь тIеозайо ксенофобица къийсам латторехь а, иза йемалйарехь а тIедехкина декхарш кхочушдаре. Цуьнан метта Iедалхой хьуьйсу оцу хиламашка, хьаькамашна критика йеш вовшахтоьхначу митинге санна. Хуьлучу антисемитан инцидентех цхьаъ йу хIара Къилбаседа Кавказехь гIадужу-бутт бовш нисйелла. Тхоьгахь тахана а информаци йац жуьгтийн Нальчикера культурин центрах цIетасар талларх, йа жIугано Хасав-Йуьртара хьешан цIийнехь динчу тIелатарх, цигахь клиенташ-жуьгтий лехнера цара", - билгалдоккху кхъамелдечо.

Хьал хийцархьама Оьрсийчоьнан Iедалхоша йемалйан йеза хIара йоллу инциденташ жуьгташна дуьхьал йаьхна хиларе терра, и проблема хиларна а даредан деза, жуьгтийн йукъараллашца цхьаьна и хаттар листа деза, царна шаьш кхерамзаллехь дуй хаийта, билгалдоккху бакъоларйархоша.

Израилхошна дуьхьал ХIинжа-ГIалара аэропортехь гIадужу-беттан 29-чохь талораш лелор тидаме ийцира дуьненан зорбанан гIирсаша, цигахь хиллачара дуьйцура, эргIад йахначу тобана дан хIума а доцуш бисинера ницкъахой, ткъа Оьрсийчоьнан оппозиционераша хилларг "эхь" ду бохура. 20 сов стаг лазийра цигахь, бара царлахь полисхой а цхьаьна, ткъа аэропортана динчу зенийн мах хадийра 300 миллион гергга сом аьлла.

ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь къепедацарш лелийначу "цхьанна а гечдийр дац" элира Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс йуьхьанца, амма гIурт эккхийтинчарна гечдар доьхуш, кхайкхамаш бинчул тIаьхьа шен риторика хийцира цо:"Хилларг хилла даьлла" аьлла, дIа а хьедеш. Кавказ.Реалиин сайто теллира, муха хийцайелира Меликовн оцу хаттарехула йолу позици.

Дагестанера цхьа могIа кIоштийн имамаша а, йарташкарчу йукъараллийн векалша а кхайкхамбира "доглазаме, кIеда хилахьара", шайн аьтто белахь, таIзар ца деш битахьара ХIинжа-ГIалара аэропортехь жуьгташна дуьхьал къепедацарш лелийнраш альлла.  И хиламаш, "щаьш хIун леладо а ца хууш, оьгIазбахначохь дина хIума ду" бохура.

ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь къепедацаршкахь хилларш административан таIзарш дина бовлийтарна реза бацара Z-военкораш олурш а, таIзар "тIех кIеда ду" элира цара а.





Губернаторы России
Москва

Собянин: Производство одежды в Москве за последние пять лет выросло в 62 раза





Москва

Компания ICDMC приняла участие в торжественном открытии выставки “Тульское качество”


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Трасса Солнцево — Бутово — Варшавское шоссе будет готова в 2026 году



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Михаил Кутушов

Компания ICDMC приняла участие в торжественном открытии выставки “Тульское качество”




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Аделина Панина: какие элементы фэншуй должны быть на кухне, чтобы есть и худеть

Спортивные прогнозы на OnlyBet

САРАТОВСКИЕ СОТРУДНИКИ РОСГВАРДИИ ЗАНЯЛИ ПРИЗОВЫЕ МЕСТА НА ЧЕМПИОНАТЕ ПО СПОРТИВНОМУ ОРИЕНТИРОВАНИЮ


Новак Джокович

Новак Джокович и Хамад Меджедович сыграли в бочче на Ролан Гаррос | Виды спорта



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Здоровье

Компания ICDMC приняла участие в торжественном открытии выставки “Тульское качество”



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России