Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Октябрь
2024
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11 12
13
14 15 16 17
18
19
20
21
22 23 24 25
26
27
28 29 30 31

Къилбаседа Кавказехь тӀепаза байначу нахах ах Нохчийчуьра бу

0
Кху шеран исс баттахь Нохчийчохь тӀепаза вайна 1615 стаг. ТӀепаза байначеран тептаре йазбинчех ах терахь Къилбаседа Кавказера лехамашкахь болу нах бу, чӀагӀдо чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан статистико.


Байначу нехан терахьашца Оьрсийчоьнан регионашна йукъахь Москвана тӀаьхьа кхоалгӀачу меттехь йу республика, 1785 стаг вайна лехамашкахь ву, ткъа Москван кӀоштахь дIайазвина -1698 стаг ву.


Оцу муьрехь Нохчийчохь лоьхуш хилла, стохкачул - 13 стаг алсам, ши шо хьалха хиллачул а 17 стаг алсам ду иза. Дустарца аьлча, 2008-чу шарахь, ши тӀом хиллачул тӀаьхьа, 767 стаг тӀепаза вайна аьлла йазвина вара.


Ницкъаллийн структурийн официалан хаамашца, дерриге а кху шеран дечкен- гезгамашан-беттанашкахь Къилбаседа Кавказехь тӀепаза вайна 3135 стаг. Дагестанехь вайна лоруш ву 304 стаг, Къилба ХӀирийчохь - 257 стаг ву. Ставрополь-махкахь лоьхуш ву 506 стаг, ГӀебарта-Балкхаройчохь - 173, ткъа Кхарачой-Чергазийчохь - 158, ГӀалгӀайчохь лоьхуш ву 122 вахархо .


Оцу муьрехь Оьрсийчохь вайна лоьхуш ву - 34 эзар стаг (официалан статистико йукъалору аннекси йинчу ГӀирмера а, Севастополера а терахьш – Ред.).


Йеккъа цхьана чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан официалан хаамашца, 5 эзар гергга стаг лар йоцуш вайна Нохчийчохь 2018-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц, бакъдолчехь и терахь кхин а алсам хила мегаш ду; Массо а нах лечкъорца йоьзна проблема йерзоран метта Оьрсийчоьнан Ӏедалша и практика йаржийна кхечу Ӏуналла дечу территорешкахь а, аьлла хета бакъонашларъярхошна.



Оханан-баттахь дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран Amnesty International организацино а Оьрсийчохь адамийн бакъонашкахула долчу хьолах лаьцна хаам бахьийтира Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу комиссаран офисе. Цу тӀехь билгалдоккху, тӀаьхьарчу пхеа шарахь хьал «критикан» агӀор телхина хилар, иза гуш ду, кхечу хӀуманашца цхьаьна, "политикан бахьанашца бехктакхаман гӀуллакхаш алсамдовларца а, репрессеш алсам йовлуш долу низамаш тӀеэцарца а, адамийн бакъонаш талхорна дерриг аьлча санна таӀзар ца деш хиларца а". Къаьсттина даладо Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош хиларан масалш.
Бакъонашларъйархоша чӀагӀдо, "Нохчийчохь Ӏедалшна критика йаш болу нах лачкъош а , тIапайза бойбуш бу". И тӀечӀагӀдо, Кадыровн наха лачкъийна, вийна бохуш вуьйцучу оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан чатан модератор Тепсуркаев Салманан а, Мусаева Заремин масалш а. Лахарчу Новгородехь кадыровхоша лачкъийна иза, тIаьхьо полицин белхахочунна тӀелатар дарна бехкейира.


 




 






Губернаторы России





Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России