Дагестан: зуда ядош гIодарна бехкейина меттигера яхархо
![Дагестан: зуда ядош гIодарна бехкейина меттигера яхархо](https://gdb.rferl.org/31C32183-F2CA-463A-8268-AB0E3236F65B_cx0_cy9_cw0_w800_h450.jpg)
Набахтех мукъа а юьтуш, бехкалахь такха кхо шо кхайкхийна стаг ницкъаша маршонах ваккхарна Дагестанерчу Леваши кIоштан кхело меттигерчу яхархочунна.
Ши бутт хьалха Тагзиркент юьртахь ехачу цуьнан цIенIте цуьнан гергарчу жимчу стага зуда ялийна, иза ша маре йига ядийна аьлла. Шина дийнахь кхаьбна йоI оцу зудчун хIусамехь, захалш реза хиллалц, бохуш. Амма кхоалгIачу дийнахь ядийнарг едда, шен цIа дIаяхана.
Кхо бутт хьалха нускал дадорна бехке веш, Дагестанан Магарамкентан кIоштахь лецира кхо вахархо.
Къилбаседа ХIирийчохь дукха хан йоццуш вахархочунна 3 шо 8 бутт кхайкхийра набахтехь даккха, ша тIехьийза йоI цо шен хIусамехь ницкъаша кхабарна, иза ша юьйр ю бохуш, кхерамаш а туьйсуш.