Уггар а тийналлин шахьара - Соьлжа - гIала
![Уггар а тийналлин шахьара - Соьлжа - гIала](https://gdb.rferl.org/DB8C44D8-B5FC-4640-9552-53D5C12C41AB_w800_h450.png)
Ара-чу ца баккхалун бахам бухкучу Domofond.ru порталан аналитикаша къастийна уггар а тапъяьлла тийна йолу 150 гIала. Рейтинган хьалхарчу могIарехь Ставрополан кIоштара Невинномысск ю, шолгIа къастийна Калуган кIоштара Обнинск, кхолгIа позици дIалаьцна Соьлжа-ГIалано.
Пачхьалкхехь уггар а гIовгIанечу гIаланашлахь ю Серпухов а, Клин а гIаланаш.
Стохка Iай Iер-вахаран аьттонаш болчу гIаланийн цIераш Iораехира. ХIетахь шолгIачу меттигехь билгалъяьккхира Соьлжа-ГIала.