Главные новости Пятигорска
Пятигорск
Август
2021

Терактна бехкевечу Нохчийчуьрчу вахархочо дIахьедо, шена дуьхьал даьккхина гIуллакх бух боцуш хиларх

0
Красноярскан кIоштарчу къайлахчу сервисийн талламан декъо терроризмана гIоьналла а латтийна, теракт дан нах хьехна аьлла, Нохчийчуьрчу вахархочунна Висаев Аптина дуьхьал айдина гIуллакх - фабрикаци ю аьлла цуьнан гергарчара. Хаам бина цунах лаьцна бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан юстицин министралло арахьарчу агентийн статусе язйина) центро.


Талламан версица, Оьрсийчохь йихкинчу "Имарат Кавказа" тобанан агIонча хилла ву Висаев, инстаграмехула а, телеграмехула а "Беккаримов" аьлла къайлаваьхьначу теше 2021-чу шарахь Норильскехь Толаман Де даздечу дийнахь хьуо а оьккхуьйтуш, терроран тохар де бохуш хилла цо.


2019-чу шарахь дуьйна шен доьзалца Норильскехь вехаш хилла Висаев Апти, гIаттамхойн тобанехь хилла ву аьлла, цигахь хан токхуш вара. 14 шой цхьайтта буттий хан тоьхнера цунна набахтехь даккха.


2021-чу шарахь шен хIусамненаца Iайшица а, шайн пхеа бераца а Пятигорске веанера иза. Ша новкъавалале хьалха Висаевс кхочушдина хиллера, набахтера аравоккхучу заманчохь кхело шена тIедехкина хилла декхарш, дийцина бакъонашларъяран "Мемориал" центре Висаева Iайшас. Цо дийцарехь, Пятигорске баха хIорш новкъабовлале хьалха зуламаш толлучу декъан белхахочо кхерамаш туьйсура цуьнан хIусамдена.


Минеральные Воды гIала схьакхаьчча, бухахь полисхой хиллера. Шен доьзалца цхьаьна полицин декъе дIавигинера Висаев, цигахь хеттарш а дина, дIахецнера.


Охан-беттан 22-чохь Висаевга телефон тоьхнера Пятигорскерчу полицин декъан белхахочо, цунна тIехь Iуналла дан векал винчо, дехар динера маса тIевола аьлла. Такси чуьра Апти а, Iайша а охьа ма доьси, лаьцнера и шиъ, цул тIаьхьа цара мехах лаьцначу хIусаме дIабигина, масаьргара а телефонаш а, банкан картанаш а дIадаьхнера, дийцина Висаевас.


Цо дуьйцу, цхьахволчу полисхочо шена кхерамаш тийсарх "14 шо даьлча а набахтера аравер вац Апти хIинца, иза ларван оьшуш дац" бохуш.


Официалан версица, церан петарехь карийна ницкъхошна экстремистийн литература а, тапча а (Iайшас бахарехь, берийн тапча ю иза), мобилан гIирс (Iайшас дийцарехь, ноутбук а, мобилан телефон а), банкан картанаш а, оьккхуьйтург ен гIирс а (баьццара коьчал чохь йолу тIоьрмиг а, ялх патарма а). Багарбинчу гIирсах берийн тапчанаш а, ноутбук а, картанаш а бен дац церан.


ШолгIачу дийнахь Норильске вигира Висаев, цигахь бехкаш дехкира цунна террорхошна гIоьналла латтийна аьлла. Охан-беттан 24-чохь Норильск гIалин кхело иза лаьцна вуьтуш сацам бира.


Бехк тIелаца ала цуьнга бохуш, СИЗО-хь шена тIеIаткъам бира бохуш дуьйцу Висаевн зудчо.


Висаевс чIагIдо, ша латточу Норильскерчу номер 4 йолчу СИЗО-хь шена йиттира аьлла, теракт кечдеш хьуо вара алий мукIарло де бохуш, яздо "Мемориало". Висаевс бехкаш тIе ца дуьту.



Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.




Губернатор Ставропольского края Владимир Владимиров
Москва

Сергей Собянин. Главное за день





Москва

Отделение СФР по Москве и Московской области проактивно открыло 101,5 тыс. СНИЛС новорожденным


Губернатор Ставропольского края Владимир Владимиров

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Более 10,5 млн человек посетили главный летний фестиваль Москвы



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Певица

Певица Наталия Иванова развернула 10-метровый триколор на Стрелке




Спорт в Ставропольском крае

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Баскетболистки «Невинномысска» в Ессентуках победили соперниц из Новочеркасска

"Пантеры" вступили в игру

В ШАТЭ развернули 30-метровые флаги России и Беларуси


WTA

Елена Рыбакина снялась с турнира WTA-1000 в Пекине



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Новости 24 часа

ИНСТРУКТАЖ ПО БЕЗОПАСНОСТИ



Частные объявления в Пятигорске, в Ставропольском крае и в России