Мы в Telegram
Добавить новость
Главные новости Владикавказа
Владикавказ
Май
2022

Гуьржийчоьнан дозанехула дехьа ца довлуьйту шаьш бохуш, латкъамаш бо кавказхоша

0
Гуьржийчоьнан дозанехула дехьа ца довлуьйту шаьш бохуш, латкъамаш бо кавказхоша

Гуьржийчоьнца долу лаьттахулара доза хадош, «Верхний Ларс» олучу постехь (КПП) дехьадовлуш шайна дуьхьалонаш Iиттаяларх дIахьедо Къилбаседа Кавказан мехкийн бахархоша.

Церан тоьшаллашца, Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а бахархой чу ма бита аьлла, къайлах дина омра ду пачхьалкхехь, яздо Кавказ.Реалиино.

Шен цIе къайлаяьхьначу Нохчийчуьрчу вахархочо дийцира Кавказ.Реалиига, Гуьржийчу кхача дозанаш деттарх цуьнга дIахьединера, иза махкара араваьккхинчу оьрсийн дозанхоша. Гуьржийн агIоно, официалан бух боцуш, цуьнан пачхьалкхе вар къобал ца дира.

Доза хадош проблемаш хиларх хаамаш зорбане баьхна йиллинчу хьосташкахь. Масала, "Владикавказ-Тбилиси" телеграм-чатан декъахоша яздо, КПП-хь «фильтрацин барамаш» лелабо бохуш. Цхьахйолчу республикашкара бахархой халла дехьабовлийтинехь, "Нохчийчуьра бахархой массо а бохург санна, юхаберзабо".

"Ши сахьт хьалха  цхьа а бахьанаш ца дуьйцуш юхаверзийна Гуьржийчоьнан дозанера кхо стаг. Жимма хан яьлча юхабуьйла аьлла хьехна. Хетарехь, кхайкхийна а боцуш, бина цхьа сацам бу и.  Божарий (Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а шаьш боьлху божарий а, тобанашца берш а) цхьа цаторийла яцахь (дарбадан, транзит) ца вахарал бен гIоле яц", - яздина цхьахволчо.

Стигалкъекъа-беттан 16-чохь видео яра зорбане яьккхина, цу тIехь хаамбора, къаьсттина кочаоьху гуьржийн дозанхой "мажош йолчу божаршна а, хьиджабаш техкинчу зударшна а" бохуш. Дозатохар хьакхало нах Гуьржийчу транзитца тIехбовлуш белахь а, Оьрсийчу юхабоьлхуш хилахь а, дIахьедо роликан авторша.

"Жимма сирла косынкаш тахкийша олура машенлелорхочо, ткъа божаршна хьоьхура, мажош дIаяша, и дан аьтто белахь. Iаьржа, къевлина духар долу а, мажош йолу а нах чекх ца бовлуьйту гуьржийн дозанхоша элира цара. Тхо тIаьхьа ца кхиийра стенна, амма боллу пассажираш – 20 стаг- юхаверзийра", - дийцина видеоролика тIерачу Хьавса цIе йолчу зудчо. Ши кIира хьалха Гуьржийчухула Дагестане кхача гIоьртинера иза.

Гуьржийчоьнан Iедалша бакъ ца до дуьхьалонаш яр. Гуьржийчоьнан дозанхойн полицин белхахочо Кавказ.Реалиига дийцарехь, ковидах вакцина елахь, йа ПЦР-тест карахь елахь, Оьрсийчоьнан массо а бахархойн бакъо ю чубахка. Къилбаседа Кавказера бахархойх леррина хьовсуш хиларх хаьттича, жоп дала ца хIоьттира иза, дош делира, дозанхойн кхеташо чекхъяьлча телефон тухур ю, керла информаци хилахь аьлла.

Гуьржийн доза хадорехула долчу хеттаршна маса жоп лучу линехула хаьттича, Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а бахархой чу буьтуш бац бохург – "бакъ дац, дезинформаци ю". "Цхьа а проблемаш яц",- элиар цо.

Лаьттахулара долчу дозанехула Гуьржийчу кхача цхьа бахьана хилча бен пурба цадалар юхадаьккхинера хьалхо Оьрсийчоьно. Кхул хьалха Оьрсийчоьнан некъахойн тоьшалла дан дезара, доза хадор деша Iалашонца, йа дарба лохуш, йа белхан хьокъехь ду аьлла.

2022-чу шеран Дечкен-баттера – Зазадокху-батте кхаччалц пачхьалкхера дIаоьхучу бахархойн терахь  цIеххьашха лакхадаьлла аьлла, бакъдира Оьрсийчоьнан ФСБ-но. Гуьржийчу леста Оьрсийчоьнан бахархой пхоьазза совбоьвлла – цхьаъ бен боцчу Верхний Ларс постехула дехьаваьлла 38 эзар Оьрсийчоьнан вахархо. Дустуш аьлча: 2021-чу шеран хьалхарчу кварталехь доза хадийнарг Оьрсийчоьнан бархI эзар стаг бен вацара.





Глава Северной Осетии — Алании Сергей Меняйло
Северная Осетия — Алания

Сергей Меняйло: В Северной Осетии до конца года откроют 13 «Точек роста» в сельских школах





Москва

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» легально изготавливает армии и спецслужбы. 6 серия. СЕРЬЁЗНЫЙ НОВОСТНОЙ СЕРИАЛ.


Глава Северной Осетии — Алании Сергей Меняйло

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Северная Осетия — Алания

Сергей Меняйло: В Северной Осетии до конца года откроют 13 «Точек роста» в сельских школах



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Баста

Рэпер Баста рассказал, на что будет претендовать его СКА




Спорт в Северной Осетии — Алании

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

В Северной Осетии завершились республиканские соревнования на Кубки Главы РСО - Алания по футболу, баскетболу и волейболу

Вторая лига, дивизион Б, группа 1, тур 11

ФК «Алания» оставляет ее главный тренер


Надежда Петрова

Теннисистка Петрова: Хачанов совершил недопустимую ошибку на "Ролан Гаррос"



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Мода

«585*ЗОЛОТОЙ» выступила партнером медиафестиваля творческой молодежи YOUPITER



Частные объявления в Владикавказе, в Северной Осетии — Алании и в России