Бакъонашларъярхоша а, културан белхахоша а доьху Титиевy гIуллакх кхечу регионехь листар
Титиев Аюбан гIуллакх Нохчийчоьнал а арахьа листар тIедожийна бакъонашларъярхоша. "ГIуллакх таллар федералан тIегIане дерзаде", - аьлла, яздина бакъонашларъярхоша а, юкъаралхоша а, културан белхахоша а Оьрсийчоьнан инарла прокуроран Чайка Юрийн, чоьхьарчу гIуллакхийн министран Колокольцев Владимиран, Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран а цIарах дахьийтинчу кехата тIехь. "Титиев Аюбна дуьхьал даьккхина гIуллакх бух боцуш ду аьлла, чIагIдойла ю тхан", - яздина "Меморилан" сайтехь кхозучу кхайкхамна тIехь. Читать дальше...