Нохчийчуьрчу "терактех" кIезиг сагатло Оьрсийчуьрчу бахархойн
Бахархойн сагатдойту хIуманаш тIекхеташ ду Оьрсийчохь. Иза гайтина Левада-центро бинчу талламо.
Цу талламаца уггаре а неха синтем бойъург ду мехаш дестар а (72%), адамаш кIийдалар а (52%), болх боцучу нехан терахь алсамдалар а (48%).
Цуьнца цхьана Левада-центро хIора шарахь беш болу талламо гайтина уггаре а нехан кIезиг бала берш Нохчийчохь а, ерриг а Къилбаседа Кавказехь а Iедалша теракташ олу тIелатарш хилар (3%). Цул а алсам бахархойн сагатдийриг ду ур-аттал СПИД яржар а (4%), махкахь адамийн бакъонашна доза тохар а (6%).