Некъахьовзамехь вийна Абхазин премьер-министр
Ша йозуш йоцу пачхьакх кхайкхийначу Абхазин Iедалан куьйгалхо Гагулия Геннадий вийна некъахьовзамехь Гезгмашин-беттан 8-чу сарахь (шотде). Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчуьрчу хаамийн агенталлаша. Дуьхьал йогIучу машинах кхетта иза чохь волу машен. И бахьана долуш абхазхойн премьер-министр вийна, цуьнан машенлелорхо а, гIаролхо а лазийна ву. Болчу хаамца, Гагулия цIавоьгIуш хилла Шема ваханчура Сочерчу аэропортехь охьахиинчу кемантIера воьссина. Цу махкарчу президентан Асадан режимо дукха хан... Читать дальше...