Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхина 27 шо кхачар дагалоцуш бу нохчий
Нохчийн Республика йозуш йоцуш пачхьалкх хилар дIакхайкхийна 27 шо кхаьчна. Иза дагалоцуш ду дуккха а пачхьалкхашкахь нохчийн юкъараллаша а, цхьаьнакхетараллаша а.
1991-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикан Лаккхарчу Кхеташоно Верховный Совет ЧИР) шен декхарш охьадехкира Гезгмашин-беттан (Сентябрь) 6-чу дийннахь, 1990-чу шарахь Лахьан-беттан 27-чу дийнахь ша тIеэцначу декларацина тIе а тевжина. И де билгалделира Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх хиларан де санна. Дерриг а нохчийн къоман конгрессо шен кхалг1ачу кхеташонехь тIечIагIбира Нохч-ГIалгIайн Республикан Лаккхарчу Кхеташонан сацам а, Нохчийчоь йозуш йоцуш хилар а.
Таханлерчу Нохчийчуьрчу Iедалша иза даздеш ду Нохчийн Республикан де я бахархойн бертан а, цхьаьнакхетаран де санна. Цара бухе диллинарг ду 2002-чу шарахь Нохчийн Республикан куьйгалхо хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас арахецна указ.
Нохчийчоь йозуш йоцуш хиларан де даздеш тахана а, тIедогучу мукъачу деношкахь а цхьамогIа дагалецаман суьйренаш а, сагIа даккхар а, кхин йолу а мероприятеш дIаяхьа лерина бу махкал арахьа беха нохчий.
Нохчийчохь Республикан де даздеш дIахьош ду цхьацца цхьаьнакхетарш а, юкъараллин мероприятеш а, шайна юкъахь вислспеташ хахкар а долуш.