Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Шемарчу Идлибна бомбанаш етташ ю Оьрсийчоь

0
Шемарчу Идлибна бомбанаш етташ ю Оьрсийчоь

Шемарчу Хама провинцин Къилбаседанерчу кIошташкарчу объекташна а, Идлиб гIалахь а бомбанаш етта йолийна оьрсийн а, Шеман а кеманаша шинаридийнахь. Reuters агенталло а, туркойн Hurriyet, Anadolu хьосташа а, ишта Ковентрехь (Великобритани) куп тоьхначу адамийн бакъонаш ларъярна тIехь мониторинг латточу Шеман центро а Iораяьккхина и информаци.

Шемахь дуьхьало латточу оппозицин зерашца, оьрсийн кхаа кемано масех иттанашкахь тохарш дина. Бакъонашларъярхошна тIе а тевжаш, Reuters агенталло хаамбо, авитохаршкахь мел лахара 13 маьрша вахархо верах.

Шемахь бомбанаш еттарх информаци гучуелира, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда Шемане а, Оьрсийчоьне а, ГIажарийчоьне а "гуманитаран гIалатах" ларло, нагахь Шеман президенто Асад Башара Идлибна тIелатар дахь аьлла, дIахьедина масех сахьт даьллачул тIаьхьа.

Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а, ГIажарийчоьнан а Идлибарчу хьолах а, мухIажирийн проблемех а дийцарш дIадахьа официалехь дIакхайкхадале  дIадолийра кеманашца тохарш.

ТIеман операци Идлибехь йолорца ша саготта хиларх дIахаийтина ишта туркойн президенто ЭрдогIан Реджепа.

"Оцу регионера ситуаци Iаламат чIогIа ладаме ю тхуна. Цигахь лелориг къизалла ю. Нагахь оцу кIоштахь бомбанаш еттахь, дукха нах хIаллакбийр бу", - аьллачу президентан дешнаш даладо туркойн Hurriyet газетано.

"Коьртехь "Джебхат ан-Нусра" тоба а йолуш, Идлибехь масех иттанашкахь эзарнаш экстремисташ гулбелла хиларца" долийна тохарш аьлла, дIахьедина  Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс.

Ишта цо бахарехь, Оьрсийчоьно гIо дина "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн карара Шеман коьрта дакъа маьршадоккхуш, доккхачу декъанна, Алеппо а, Палмира а.

Министрна хетарехь, сих-сиха шен цIе а хуьйцуш лела "Джебхат ан-Нусра" - уггар а боккха кхерам бу тахана Шемахь. Лавров тешна ву, оцу тобан ницкъаш Идлибехь дIатарбелла бу аьлла.

"ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташонан сацамашкахь язбина болу террорхой бу уьш", - дIахьедина арахьарчу гIуллакхийн урхалхочо.

Оьрсийчоь, ГIажарийчоь а санна, "Шеман Iедалхоша кхайкхина яхана болх беш ю", ткъа кхиберш, Iамерка а цхьана, "низамашкахь лелаш бац" аьлла, билгалдаьккхина Лавровс.

Шемахь бомбанаш етта йолийначул тIаьхьа Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаро Помпео Майка дIахьедира: "Тхо тешна ду, и проблема дипломатица дIаерзор ю аьлла".

Ишта хаамбо Помпеос, Идлибна тохарш долорах ша дийцарш дIадахьарх Оьрсийоьнан а, Туркойчоьнан  арахьарчу гIуллакхийн министршца: Лавров Сергейца а, Чавушоглу Мевлютца а.

Хьалхо Евробертан а, Iамеркан а векалша масийттазза дIакхайкхийра, Идлиб схьаяккха Iалашонца Шеман президенто Асад Башара йолийначу тIеман операцина шаьш саготта хиларх.

Царна хетарехь, маьршачу бахархошлахь даккхий зенаш дан тарлора оцу операцино.

Нагахь Идлибехь химин герз леладахь, Iамерко Шеман Iедалхошна "луьра жоп" лург хиларх дIахаийтина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министралло а, президентан къоман кхерамзалллехула волчу хьехамчас Болтон Джона а.

Кхо миллион гергга стаг веха карарчу хенахь Идлибехь. Миллион гергга ду царлахь бераш.

Идлиб йоккхуш, хиндолчу тIеман тасадаларшкахь  800 эзар гергга вахархо шайн хIусамех а ваьлла, мухIажир валарна кхерамаш лаьтта Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацехь.





Губернаторы России
Москва

Собянин: выборы в Мосгордуму будут серьезным экзаменом





Москва

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Свыше 5,2 миллиона жителей Московского региона получают набор социальных услуг в натуральном виде


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин. Неделя мэра



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Николай Цискаридзе

Цискаридзе впервые высказался о Волочковой




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Новороссийские шахматисты приняли участие в полуфинале турнира "Шахматные звёзды 4.0"

Массовыми патриотическими акциями отметили День России на заводах АО "Желдорреммаш"

В Москве тушат пожар в здании у метро «Динамо»


Людмила Самсонова

Самсонова вышла во второй круг турнира в Хертогенбосе



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Москвичи бесплатно воспользовались перехватывающими парковками более 857 тыс. раз с начала года



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России