Идлибехь тIом марсабала мегаш хиларна саготта ю дуьненаюкъаралла
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло ша саготта хилар хаийтина Шемарчу Iедалан а, Оьрсийчоьнан а ницкъаша гергарчу хенахь Идлиб провинцехь шуьйра тIеман операци йоло мегаш хилар бахьана долуш, хаам бо "Iамеркан аз" портало. Туркойчоьно гIортор ечу гIаттамхошца тIом марсабаккхаро гуманитаран бохам бан мега аьлла хета дуьненаюкъараллана.
ПIераскан дийнахь ТIехIранехь хиллачу саммитехь туркойн президенто ЭрдохIан Реджепа, гарз деттар саца а дина, маслаIат дар некъ кховдийна Асад Башаран режиман Iуналлехь йоцучу тIаьххьарчу Шемарчу регионехь.
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир цу саммитехь тIера ца валара Шемарчу Iедалан бакъо ю пачхьалкхан ерриг а территори шен Iуналле эца бохучунна, ткъа ГIажарийчоьнан президенто РоухIани Хьасана дош делира, гIажаройн эскарш Шемара дIагIур ду аьлла, хаам бо ББС-но.