Некъахьовзамехь вийна Абхазин премьер-министр
![Некъахьовзамехь вийна Абхазин премьер-министр](https://gdb.rferl.org/7F8C2255-0BB1-4CDB-9E7A-DEC2CF752E9C_w800_h450.jpg)
Ша йозуш йоцу пачхьакх кхайкхийначу Абхазин Iедалан куьйгалхо Гагулия Геннадий вийна некъахьовзамехь Гезгмашин-беттан 8-чу сарахь (шотде). Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчуьрчу хаамийн агенталлаша.
Дуьхьал йогIучу машинах кхетта иза чохь волу машен. И бахьана долуш абхазхойн премьер-министр вийна, цуьнан машенлелорхо а, гIаролхо а лазийна ву.
Болчу хаамца, Гагулия цIавоьгIуш хилла Шема ваханчура Сочерчу аэропортехь охьахиинчу кемантIера воьссина. Цу махкарчу президентан Асадан режимо дукха хан йоцуш къобул динера Абхази йозуш йоцу пачхьалкх хилар.
Гагулия вогIучу коврана юкъахь хилла Абхазин куьйгалхочуьнан Хаджимба Раулан машен а. Цунна хIумма а ца хилла.