Меттигерчу кхеташонийн депутаташ хоржуш бу Нохчийчохь
![Меттигерчу кхеташонийн депутаташ хоржуш бу Нохчийчохь](https://gdb.rferl.org/A03C4A97-AEEC-4E43-9DAE-7B964D4DF564_cx0_cy12_cw0_w800_h450.jpg)
Масийтта эвлахь депутаташ хоржуш бу Нохчийчохь. Меттигерчу Iедалан урхаллан векалш хоржур бу ГIойтахь а, Гихтахь а, Эвтарахь а, Жимачу АтагIахь а, ЭгIаштахь а, Джалкехь а, Калтновскехь а, Нохч-Кхаьллахь а.
Республикерчу коьртачу комиссино бинчу хаамца, ерриг а Нохчийчохь схьайиллина ю 18 харжамийн куп. Меттигерчу кхеташонашкахь 108 депутатан меттиг къовсуш ву 210 кандидат. Царах цхьаберш харжамашкахь дакъалоцуш ву партийн цIарах, вуьйсуш бу маьрша кандидаташ.
Меттигерчу харжамашкахь жигара дакъалацаре кхайкхийна цу ярташкара бахархой Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.