Оьрсийчоьнца ДоттагIаллин барт бохийна Порошенкос
![Оьрсийчоьнца ДоттагIаллин барт бохийна Порошенкос](https://gdb.rferl.org/2C0EAF6E-A2B1-41F3-9627-2487BE8527F2_w800_h450.jpg)
Оьрсийчоьнца бина ДоттагIалла а, цхьаьнакъахьега а, накъосталла а лелорах барт бохош указ тIеэцна Украинин президенто Порошенко Петрос. Бахьана ду Украино Оьрсийчоь пачхьалкх-агрессор лоруш хилар.
Порошенкон указца а догIуш, Украинин арахьарчу гIуллакхийн министралло хаам бийр бу шайн лаамах лаьцна Оьрсийчоьне, хоуьйтур ду цу хьокъехь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралле а, ОБСЕ-га а, дуьненаюкъарчу кхечу вовшахтохараллашка а.