Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Омск – къизаллин бен?

0
Омск – къизаллин бен?

Кедринская Лидия

Молчанов Александр

(Маршо Радио, оьрсийн сервис)

Деношкахь, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а санна, шена губернатор хоржуш яра Омск.  Пенсе воьду хан лаккхаяккхарна дуьхьало еш, гIали юккъехь протестан гулам хIоттийнера оцу дийнахь Навальныйн агIончаша. Барамера, "ОВД-Инфо" хьостано бахарехь, полицино дIалахьийра 100 гергга стаг. Лецначаралахь яра Маршо Радион "Сибирь.Реалии" проектан корреспондент а.

 

"Аш даймохк боьхкина, шуна тоьпаш йогIу!"

Протесташна жигара ларалучу Омскехь хIинццалц кIезиг лоьцура гуламхой. Амма губернатор хоржучу дийнахь кхачийначух тера ду полицин собар.

Нах вовшах а кхетале болийра леца. МаьI-маьIIера, некъаца боьлхуш а, гуламан метте, "Океан" туьканна тIекхаьчча а, дIабигира полицино шен пхеа декъе протестхой. Административан жоьпалле а язбина, дIахецна дукхахберш, бехктакхаман дов айдина цхьаболучарна дуьхьал.

"Хьо саннарш хIора денна миллионашкахь ле… Даккхийчех дац хьуна хилларг"

Масала. Карахь "Вован, пенсе гIо" плакатца веъначу Семенов Сергейна протокол хIоттийна, цо "гуламан низам" дохорна. Буса бен дIа ца хецна протестан штабан координатор Катавцева Ольга а, барам вовшахтоьхна Зайцева Татьяна а. Телефон дIаяьккхина Ольгигара. Татьяна йигира полицино аьрташ лазорах лоьрашка тоьшалла дайта. Амма лоьрашна "ца карийна" цуьнца полицин шогаллин тоьшаллаш. Кхелашкахула чекхйоккхур ю ший а. Кхиберш а санна – кхо журналист а ву царалахь.

Нана а, цунна орцахъялла йоI а хьовзийна, такхийна йигира полице

70 шо долуш хир яра Iаса луьйзу зуда. Журналисташца "лараме" хиллехь а, полицино иза ца ловзайора. Цунна гIоьнна тIехьаьдда цуьнан йоI а йигира, иза санна, хьарчийна, такхийна. Видео-тоьшалла лела интернетехула.

​Теш йолчу Ольгас иштта дуьйцу гинарг:

- Зудчо бохура полисхочуьнга, шун декхар нах ларбар ду. Иза цо оллушехь, цунна тIехьаьвдира. Нанна орцахъелира йоI, ший а йихкира, йигира.

Волонтеро Литвинов Сергейс дийцира журналисте шегара хIун даккха гIиртина полисхой. Гуламе вогIург хIун махбелла цунна, хиттина цуьнга.

- Тхо мехах дахана гуламе, со а, со саннарш а, пенах а хIиттош, байа беза, бохура. "Мохк боьхкинарш" цIе тиллира тхуна. Телефонаш дIаяьхнера тхоьгара, аьтто ца белира и дерриг а дIаяздан. Цхьана кIантанна вон хиллера, цо лор кхайкха, дийхира. "Хьо саннарш хIора денна миллионашкахь ле… Даккхийчех дац хьуна хилларг, хьо дIаваьлча, дуьне цIанлур ду", элира цуьнга. Боьха, аьхаза багалейора полисхоша массаьрга а, - дийцира Литвиновс.

Волонтераш Манн Марк а, Грунин Дмитрий а вигира полисхоша, и шиъ Iедало лоьхучу зуламхойх тера ву аьлла. Яржийначу фоторобот тIехь вара ши Iаьржачу аматахь стаг, бен-башха а дацара полисхошна шаьш лаьцна Марк а, Дмитрий а хьаьрса хилар.

…Оцу юкъанна Омскерчу ИК-7 набахтехь

"ГIоьмаш тоьхна куьйгаш а долуш, дийнахь-буса дерзина цIена кхазийра тхо"

Омскерчу ИК-7 набахтера мукъаваьлла Козюков Дмитрий Петарбухарчу дарбан цIийне виллина. Цул тIаьхьа хеназа дIахецна набахтера. Ца хецна дика лелла аьлла-м, хецна заьIапхочун "дарже" ваьлча. Набахтин белхахоша йиттинчул тIаьхьа когаш севцца цуьнан – лоьраша, лахьийна, вовшахтесна цуьнан букъадIаьхк.

Стенна йиттина набахтин дайша Козюковна?

- Юхьанца со оццу Омскерчу 9-чу колонехь вара. Цигахь туберкулез яьржира. Юха со 3-чу колоне дехьаваьккхира. Амма, лазар гучу ма-делли, цара 10-гIа ноьмар йолчу набахте хьажийра – иза могашалла галъяллачу тутмакхийн меттиг ю. Цигара кхаьчна со тIаьххьарчу метте – ИК-7. Дерриг а, суна тIехь таIзар даллор, доьзна дара со аьрзнаш яздечуьра цасацар. Нах набахтехь айпе бо, яа ца ло, дарба ца леладо, олий, яздой, кехаташ дIасакхоьхьуьйтура ас а,сан накъосташа а. Цхьа наггахь кхочура уьш хьаькамашка. Цул тIаьхьа суна етта буьйлалора. Ас а, кхин а цхьайттаммо а Омскерчу прокуратуре яздира, цара тхан кехат набахтин хьаькамашка дIаделира, тхуна таIзар дан долийра. Со бехкевора ас кхиболу тутмакхаш бакъо къовса марзбарна. Набахтийн урхаллера векалш кхочура тхан аьрзнашна, олура, "шун кхузахь дерриг а дика ду, ма де аьрзнаш, парггIат шайна йиттина хенаш такха", дIабоьлхура. ТIаьххьара а, лоьрашна тIевуьгу аьлла, тхо массех цхьаьнхьа вига араваьккхира, ИК-7 набахте вуьгуш хиллера, цигахь, радио гIара а яьккхина, тхан маьхьарий ца хазийта, ток йиттира, массо а кепехь дабагIдира тхуна тIехь, баттахь, - дуьйцу Козюков Дмитрийс.

Петарбухарчу лоьраша кхо операци йина Козюковна, ялх пIенда хийцина, церан метта маьIа "пIендарш" доьхкина, дегIан чарх каркасашца чIагIйина. ХIинца волавала Iемаш ву иза.

КхидIа аьрзнаш дан дагахь вуй хьо хьуо хьийзийначарна дуьхьал, хоьтту журналисто.

- Ву дера, - боху Козяковс, - суна адвокато Марияс гIо до яздан, дIасакхехьийта. Дерриг а дуьйцу ма-дарра, со ца кхоьру хIинца, сох заьIапхо вина. Со 1-чу группин инвалид ву хIинца. Сан цхьа накъост вийна, пехех йоьллачу шелонах велла иза.

Козюковс хьахийна адвокат ю Эйсмонт Мария. Цо гIо до набахтехь таIзар латтийнарш жоьпе ийзабайта. Муха тIаьхье хир ю аьрзнийн? Иза ца хаьа адвокатна, Талламан комитете хьийсийна цо ша кечдина кехаташ, сатуьйсу нийсо яре.





Губернаторы России
Москва

Собянин: Около обновленных поликлиник создано более 600 зон отдыха





Москва

На борту самолета, летевшего из Москвы в Турцию, из-за жары погибла кошка якутского пилота


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин рассказал о новых трамвайных линиях в Москве



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Валерий Гергиев

Василий Анохин, Герман Греф и Валерий Гергиев приняли участие в открытии мультимедийного фонтана в Смоленске




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

ФК «Зенит» представил стартовый состав на суперфинал Кубка России в Москве

Неделя легкой атлетики пройдет в Москве

«Зенит» добыл волевую победу в матче с «Балтикой» и завоевал Кубок России


Ролан Гаррос

Димитров пробился в четвертьфинал Открытого чемпионата Франции



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Мода

Бесплатные ежедневные тренировки от сети фитнес-клубов Spirit. Fitness в парке Горького/Музеон



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России