Школашкахь смартфонаш лелорна дуьхьал бу дукхаха болу Оьрсийчуьра бахархой
![Школашкахь смартфонаш лелорна дуьхьал бу дукхаха болу Оьрсийчуьра бахархой](https://gdb.rferl.org/40D59E10-2074-4D44-A68C-09EF7715F78E_cx11_cy14_cw47_w800_h450.jpg)
Школашкахь смартфонаш лелор дехка деза бохучунна реза бу дукхаха болу (73%) Оьрсийчуьра бахархой. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло, ВЦИОМ-о бинчу талламана тIе а тевжаш.
Оцу талламехь дакъалаьцначерах 83% хетарехь, смартфонаша доьшуш новкъарло йо берашна.
69% нах тешна бу, школашкахь телефонаш лелор дехкаро гIо дийр ду аьлла, берийн хаарш алсамдахарна. Цуьнца цхьана 17% респонденташна хета, цу дехкаро хьал хуьйцур дац аьлла.
Телефонехула интервьюш йина ВЦИОМ-ан белхахоша кху беттан 7-чу дийнахь. Талламана юкъаозийна вара 18 шарал тIаьхваьлла 1600 стаг.