Магнитогорскехь велла 39 стаг вевзина шайн нахана
Магнитогорскехь охьахаьрцинчу цIийнан херцаршлара 39 дакъа хьаладаккха аьтто хилла орцанхойн. ГIалин администрацин пресс-гIуллакххоша бина и хаам. Тахана лаьтте кховдор бу белларш. Магнитогорскерчу а, Челябинскерчу а, Москохарчу а дарбан хIусамашкахь Iуьллуш ву лазийн пхи стаг, шайлахь 11 бутт болу бер а долуш. 35 сахьт хан яьккхина цу беро херцаршлахь. Мосокхарчу клинике кхачийна и кIант, кхерамечу мIаьргонех хьалхаваьлла лору иза лоьраша.
Байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь 10-зза тIекIелдинчу цIийнан цхьа подъезд чуйоьжнера эккхийтар хилла. Орцан министраллан информацица, йохийна 35 петар, 10 меттахIоттаялур йолуш ю.
ХIусам чохь иккхинарг газ ю бохуш, чIагIдо официалехь. Бехкзуламан гIуллакх диллина оцу хьокъехь. Челябинск кIоштан губернаторе Дубровский Борисе шаьш цхьанхьа дехьадахар доьху хIусамех бевллачара.