Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Январь
2019

Новости за 01.01.2019

Украинан президент хила гIерта шоумен Зеленский

Radiomarsho.com 

Украинан президентан харжамашкахь дакъалаца шен лаам хиларх дIахаийтина шоумена, продюсеро Зеленский Владимира Украинан бахархошка. Керла шо тIекхача масех минот йисинчул тIаьхьа "1+1" телеканалехь кхайкхамбина цо ишта. ХIоьттинчу хьолехь хIора украинхочун кхо некъ бу аьлла Зеленскийс: хIинццалц санна вахар, я кхечу пачхьалкхе болх - некъ лаха дIавахар, ткъа кхолгIаниг ша хаьржинарг. Оршотдийнахь официалехь йолаелла Украинан президентан харжаман кампани. Украинан президент хоржур ву Зазадоккхучу-беттан 31-чохь. Читать дальше...

Соьлжа-ГIалин штурм. Кхочуш хилаза йисина " Коьрта Iалашо-95"

Radiomarsho.com 

1994 шеран ГIуран-беттан 31-чу буса тIеман кIуьрла ерзийра оьрсийн эскарша Соьлжа-ГIала. Оццу мууьрехь, вела а къежаш, пачхьалкхерчу бахархошка, ирс а, машар а хуьлда шуна, бохура президента Ельцина. ТIедогIучу шарахь Нохчийчохь "меттахIуттур ду маьрша дахар", аьлла хетара цунна. Амма дацара цунна хууш, шен эскарш а эшош, толам боккхур буйла жимачу Нохчийчоьно.

Челябинскехь тезет кхайкхийна

Radiomarsho.com 

Магнитогорскехь хилла сингаттам бахьана долуш Челябинскан кIоштахь тезетан де дIакхайкхийна кхаара, хаамбо регионан губернаторан пресс-гIуллакххоша. Документ тIехь бинчу хаамца, йоллу Челябинскан кIоштахь хIоттош ду тезет. Цу дийнахь дIахьур яц самукъадаларан программаш а,  барамаш а. ТIаьххьарчу хаамашца, Магнитогорскехь хиллачу бохамехь велла 8 стаг, тIепаза вайна лоруш ву 36 вахархо. Орцанхоша нах лоьхуш операци дIайолийчхьана карийнарг ву пхи стаг, шайлахь цхьа бер а долуш. Уьш берш дарбан цIийне кхачийна. Читать дальше...

Iамеркан исторехь кхиаме дара 2018-гIа шо аьлла Трампа

Radiomarsho.com 

ДIадахна 2018-гIа шо кхиаме дара аьлла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда, Керлачу шарца динчу дIахьедарехь. ТIаьххьарчу шина шерачохь бинчу белхашка хьаьжча, шен администраци пачхьалкхан исторехь уггар а кхиаме ю аьлла президенто. Мексикаца а, Канадица а, Къилба Корейца а хилла барт а, ГIажарийчоьнца "къемате контракт" юкъахдаккхар а карладаьккхина Трампа. Уггар а мехала хета КIайчу цIийнан куьйгалхочунна Къилба Корейца (КНДР) шен хилла дийцарш. Цул тIаьхьа дитира КНДР-а зарратан герзах пайдаэцар. Читать дальше...

Масийтта хилла Белхороевна тIелатар динарш

Radiomarsho.com 

ГIалгIачохь вийна Белхороев ИбрехIим дIавоьллина иза схьаваьллачу Сурхахи эвлахь шен дена Белхороев Султан-Хьаьжина уллохь. Маршо Радионо яздира, Белхароев шен машенлелорхочуьнца цхьана вогIучу заманчохь, кIело а йина, вийна хиларх. Чевнашца дарбан хIусаме кхачийнера шофер Аушев Або. Операци йина цунна, карарчу заманчохь меттавеана иза. Белхороев дIавуллучохь гулбеллера республикехь бевзаш болу нах а, луларчу мехкашкара Iеламнах а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хаамашца, Белхороевна тIелатар динарш "Лада Приора" олучу машенца хилла. Читать дальше...

Москох лаьцначу "шпионна" шайн консул тIевитар тIедожийна Iамерко

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIалаьцначу шайн пачхьалкхан вахархочунна консул тIевита аьлла, тIедожийна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа. Оршотдийнахь бина цунах хаам пачхьалкхан департаментан векало, Оьрсийчоьно шайн вахархо шаьш дIалацарх хаийтича. Венехь тIеэцначу конвенцица а догIуш, шайн стагна консул тIевита аьлла, тIедиллина Iамерко. Оьрсийн къайлахчу сервисаша Москох Iамеркахо дIалаьцна, шпионалла лелош хилла иза аьлла, шеконаш кхоллаелла. ФСБ-но бинчу хаамехь яздо, лаьцначу Уилан Полнаи дуьхьал бехкталламан гIуллакх долийна хиларх. Читать дальше...

2018-чу шарахь дуьненчохь 94 журналист вийна

Radiomarsho.com 

2018-чу шарахь 94 журналист вийна дуьненчохь, царех 84 леринчу Iалашонца тIелатар дина хIаллаквина ву. Дуьненаюкъарчу журналистийн федерацино (International Federation of Journalists) бина и хаам. Дуьххьара кхаа шерачохь байинчу журналистийн терахь лакхадаьлла цул хьалхарчу шерашца дуьстича. 2017-чу шарахь вийра шайн профессионалан декхарш кхочушдаран бахьанашца 82 журналист. Дахначу шарахь хаамийн гIирсашна болх бан уггар а кхераме ю аьлла билгалъяьккхинчу ОвхIанистанехь 16 журналист вийна. Тептарехь шолгIачу могIарехь ю Мексика ... Читать дальше...



Москва

Азербайджанский мигрант возмутился из-за того, что в Калининграде суд назначил 4,5 года лишения свободы за убийство в ДТП школьницы. Видео


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин рассказал о развитии района Зябликово



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Песня

Рассылка Песни или Музыки на все Радиостанции России, СНГ и Мира, а также по всем СМИ России.




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Юные шахматисты Союза армян Чувашии посвятили турнир Году семьи и Дню защиты детей

В Росгвардии стартовал чемпионат по боксу "Кубок Победы"

Бег — один из самых популярных видов спорта у россиян


Стефанос Циципас

«Спартак» подарит Циципасу клубную футболку



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Game News

Here's every World of Warcraft expansion in order of release



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России