62 шо кхаьчна Нохч-ГIалгIайн автономин республика юхаметтахIоттийна
1957-чу шарахь Дечкен-беттан 9-чу дийнахь Нохч-ГIалгIайн автономин республика юхаметтахIоттийра шен указаца Советийн Союзан Лаккхарчу Кхеташонан Президиумо.
1991-чу шарахь Советан пачхьалкх йоьхначулла тIаьхьа Оьрсийчохь тIеийцира репрессеш лайначу къаьмнашна реабилитаци ярх лаьцна низам. Амма реабилитаци ярна метта Нохчийчоьнан территори тIехь конституцин къепе юхаметтахIоттайо аьлла, тIом болийра Оьрсийчоьнан Iедалша 1994-чу шарахь.
Кхин а 5 шо даьлча шолгIа тIом болийра Нохчийчохь. Иза дIабоьдуш а болуш, 2004-чу шарахь Чиллан-беттан 26-чу дийнахь нохчашна тIехь 1944-чу шарахь йинарг геноцид яра аьлла, сацам бира Европарламенто.
