Регионехь юха а ЛГБТ-н векалшна ницкъбо бохург бакъ ца дина Каримовс
![Регионехь юха а ЛГБТ-н векалшна ницкъбо бохург бакъ ца дина Каримовс](https://gdb.rferl.org/5E7AAAF9-CEE3-45A7-A836-FA9623E7CE07_cx0_cy3_cw0_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан пресс-секретаро Каримов Iаьлвис "дезинформаци" ю аьлла, регионехь ЛГБТ-н векалш хьийзош бу бохуш, "Новая газетано" керла Iораяьккхина информаци. РБК агенталлана еллачу интервьюхь дина Каримовс цунах дIахьедар.
"Литературан маттахь аьлча, и дерриге а бакъ дац, и дезинформаци ю. ТаIзар кхочушдаран федералан урхаллан (ФСИН) системана юкъахь йоцу набахтеш Нохчийчохь яц", - аьлла Каримовс.
Кардалоккху, карарчу беттан 11-чохь "Новая газетано" хаамбира, Нохчийчохь юха а ЛГБТ-н векалшна Iедалхой тIаьхьабевлла аьлла.
Социалан машанашкарчу пабликаша ЛГБТ-н декъашхошка республикера довда аьлла, дIахьедарца рекомендацеш зорбане яьхначул тIаьхьа, артикл арахийцира газетано.