36 керла маьждиг схьадиллина 2018-чу шарахь Нохчийчохь
![36 керла маьждиг схьадиллина 2018-чу шарахь Нохчийчохь](https://gdb.rferl.org/4301EB20-1A46-47D4-BF8A-219844F29D67_cx0_cy12_cw0_w800_h450.jpg)
Карарчу заманчохь Нохчийчохь дерриг а 1101 маьждиг ду. Мехкан муфтиятан зерашца, 200 гергга маьждиг керла дина ду, я юхаметтахIоттийна регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан чоьтах. Кху шарахь кхин а кхо маьждиг дIахIоттийна фондан ахчанах.
Иштта Нохчийчохь болх беш ду 130 зиярат, шен лицензи а йолуш 14 хьуьжар, хафизийн 6 школа а, 599 бусулбачийн кешнаш а.
Хьалхо хааме даьккхинера, дахначу шеран ГIадужу-бутт бовш Соьлжа-ГIала чувуллучохь керла маьждиг дан долийна аьлла. Дийцарехь, 5 эзар стаг чутарлуш хир долуш ду иза.