Хьонка боккхуш вайна кIант карийна Мужиче эвлан гергахь
Хьонка баккха хьуьнха вахана 17 шо долу Барахоев Iимран вайнера Дечкен-беттан 20-чу сарахь. Иза лаха арабевллачу орцанхошна а, полисхошна а де-буьйса даьлча карийна иза Мужичи эвлан йистехь сарахь 7 сахьт даьлча. И эвла гена йоццуш Iуьллуш ю хьонка боккхуш Барахоев тилвеллачу меттигана хаам бо "Интерфакс-Юг" агенталло.
Болчу хаамца, кхиазхо кIелхьарваьлла жима-тIама когаш-куьйгаш а дахьийна. Лоьраша дийцарехь, цуьнан могашаллана кхераме долуш хIумма а дац.
Кхиазхо лохуш дакъалоцуш хилла 100 сов стаг.